цӏоьмалг
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Цӏоьмалг

Арахецна де 19.02.2026

Асланбек Йесера

Цӏоьмалг «,» нийсайиллар.

Цӏоьмалг

,

Цӏоьмалг [t͡s'yːə̯məlg] йуьллу меттигаш:

I. дагардеш

Дуккха а хӏуманаш йух-йуххехь йалош йа хьахош уьш къастош, царна йуккъе цӏоьмалг йуьллу.

  • Со а, хьо а, иза а гӏур ду цига!
  • Сой, хьой, изий гӏур ду цига!
  • Йа со, йа хьо, йа иза гӏур ву цига!
  • Ала а аьлла, хьажа а хьаьжина дӏавахара кӏант.
  • Кӏант а, йоӏ а ду цуьнан.

Шинна йуккъахь бен йа дацахь, цӏоьмалг ца йуьллу

  • Со йа хьо гӏур ву цига!
  • Аьлла йа хьаьжна дӏавахара кӏант.

II. нӏаьна-дош

Бага дирзина йух-йуха олу дош дехьа-сехьа цӏоьмалг а йуьллуш дуьллу, аламан йуккъехь нислахь. Чеккхенгахь нислахь, цунна хьалха йуьллу.

  • Ас элира, дуь хьуна, цуьнга дика дешнаш, дуь хьуна.
  • Дӏавала, вон ма лела, дуь хьуна!
  • Иштта дан деза, кхетий хьо, ас муха боху?
  • Иштта ала деза, кхетий хьо?

III. йукъадало дешнаш

Олуш дерг дӏадоло дешнаш тӏехьа цӏоьмалг йилла. Йуккъехь нислахь, дехьа-сехьа йилла. Йукъадало дешнаш: Бакъду, цхьабакъду, тӏаьххьара а, ала дашна, ала мегар ду/дара, нийсса бӏостанехьа, цул сов, бакъдерг аьлча, доцца аьлча, хила тарло, ду дера, цкъа-делахь, шолгӏа-делахь и. дӏ. кх.

  • Тӏаьххьара а, дӏакхечи вай!
  • Ас цуьнга элира, бакъду, кхин-м эр дац!
  • Бакъду, цигахь хала дара.
  • Ас цуьнга элира, цхьабакъду, кхин-м дац!
  • Цхьабакъду, хьо дохко-м вер вац, дешна аьлла!
  • И дика чекхйелира, ала мегар ду, массарал дика дишира цо.
  • Ала мегар дара, хьо вон йоӏ йу!
  • Кӏант чӏогӏа хила веза, ала дашна, хьегаллица кхиамаш баха беза.
  • Ала дашна, итт шарахь доьшур дарий ахь?
  • Цкъа делахь, суна ца хаьара, шолгӏа делахь, суна хаьа а ца лаьа!

IV. «аьлла», «бохуш» тӏехьа

  • Шена хаьа аьлла, болх дӏаболийра кӏанта.
  • Дика стаг ву бохуш, гӏараваьлла вара цуьнан да.

V. «хӏаъ», «хӏан-хӏан» тӏехьа

  • Хӏан-хӏа, ас йаа хӏума ца ийцира!
  • Хӏаъ, ас жайна чекхдаьккхира!

VI. тӏеверзар

Шен аларехь цхьанна тӏевоьрзуш велахь; йа тӏехьа, йа хьалха, йа дехьа-сехьа цӏоьмалг йилла, тӏевоьрзург мичахь хьахийна хьаьжжина.

  • Лоьма, дӏакъовлахьа наьӏ!
  • Дӏакъовалахьа наьӏ, Лоьма, со шелло!
  • Дӏакъовлахьа наьӏ, Лоьма!
  • Дика дешалахьа, хӏай М.!

VII. алам

Чолха аламаш хӏиттош а йуьллу цӏоьмалг.

Чолха-цхьаьнакхетта алам

йуккъе хуттург а хуттуш, вовше боьзна боцу аламаш вовшахтосуш. Хӏара хуттургаш хьалха: а, йа, ткъа.

  • Ас ӏама а дира, ас са а даьӏира.
  • Са ваха везара, ткъа ца вахара.
  • Хьо деша воьду, йа ас хьо аравоккху.

Чолха-карара алам

Цхьа дакъа кхечунах доьзна ду. Кхузахь «хӏунда», «маца», «муха», «муьлхачу кепехь», «хӏун дахь», «мел» и. дӏ. кх. аьлла, хаттар дало.

Биллам

Цхьа алам биллам белахь, шолгӏаниг чеккхе йелахь, цу шинна йуккъе цӏоьмалг йуьллу.

  • Ахь дешахь, хьо хьегалла долуш хир ву.
  • Ахь дешахь а, хьо хьегалла долуш хир вац.
  • Ахь къахьегнехь, хьуна карор ду.
  • Ахь къахьегнехь а, хьуна карор дац.
  • Ахь болх бича, хьан бахам хир бу.
  • Ахь болх бича а, хьан бахам хир бац.
  • Ахь болх бичхьана, хьан бахам хир бу.
  • Ахь жайна доьшшушехь, йукъаиккхира иза.
  • Ахь доьшшушехь, томахь вац да.
  • Ахь деша ма-дешшина, хьо балха гӏур ву.
  • Ахь дика дешахь, дикка тӏехькхуьуш хир йу хьо!
  • Дукха сагатдахь, могушалла галйоккхур йу ахь хьайн.
  • Хьайна нийса хетахь, иштта де!
  • Жайна доьшуш сихлахь, дика ӏемира дац!
  • Дешна ваьлча, дикка садаӏа!
  • Хьайна гича, соьгара маршалла дӏало хьайн дега!
  • Дикка тӏехькхуьуш хир йу хьо, ахь дика дешнехь!
  • Могушалла галйоккхур йу ахь хьайн, дукха сагатдахь.
  • Иштта де, хьайна нийса хетахь!
  • Дика ӏемира дац, жайна доьшуш сихлахь!
  • Дикка садаӏа, дешна ваьлча!
  • Соьгара маршалла дӏало хьайн дега, хьайна гича!
  • Цо шен болх чекхбаьккхира, и цомгуш велахь а.
Сатийсарниг II, Лаам-бехкамниг

Цхьа алам сатийсар делахь, шолгӏаниг лаам-бехкам белахь, цу шинна йуккъе цӏоьмалг йуьллу.

  • Ахь дешахьара, хьо хьегалла долуш хир вара.
  • Ахь дешнехьара, хьуна карор дара.
Меттиг
  • Мукъаниг «а» деха хезачохь, тӏоьхула зил хьакха мега.
  • Хьо веъначу, ма кхачийталахьа и.
  • Хӏара дош схьадолучуьра, вайга кхин а дуккха а дешнаш дахало.
Хан

Цхьа алам дуьцучун хан йелахь, шолгӏаниг ардам белахь, цу шинна йуккъе цӏоьмалг йуьллу.

  • Ахь дитт хадош, цкъа хьалха дикка диг ирде!
  • Ахь дитт хадочу хенахь, цкъа хьалха дикка диг ирде!
  • Хьо цӏавахале, дешна вала веза.
  • Хьо дешна валлалц, дикка ӏамаде!
  • Карара хан кхуллуш, цхьаццадолу хандешнашна тӏехьа «у» дуьллу.
  • Суна сан да ца гира, со цӏаваханчу хенахь.
Хӏундалла

Цхьа алам хӏундалла белахь, шолгӏаниг чеккхе йелахь, цу шинна йуккъе цӏоьмалг йуьллу.

  • Ахь шорта дийшира, дуккха бахам гулбархьама.
  • Со ала а ца олуш дӏавахарна, къинтӏера валалахьа суна!
  • Суна и жайна хаза ца хета дела, ца дишира ас.
  • Ас цунна болх муха бан беза гайтира, цунах сайн накъост хилийта.
  • Цунах сайн накъост хилийта, ас цунна болх муха бан беза гайтира.
  • Цо шорта болх бира, бахам гулбархьама.
  • Бахам гулбархьама, цо шорта болх бира.
Мелла
  • Хӏара болх бечул, хьайн деша вахар дико ду.
  • Хӏара болх баллал, къахьега деза ахь.
  • Хӏара болх баллалц, къахьега ахь.
Кеп
  • Кӏант йоӏе дӏахьажаза, араваьлла дӏавахара.
  • Айх балхахь къа ма-хьеггара, чохь болх бе!
  • Айх балхахь къа ма-хьоьггу, чохь болх бе!
  • Хьайга болх ма-баллу, чохь къахьега!
  • Цуьнга хаттахьа, цуьнга болх балой!
Кхетош
  • Хьо дохко-м вер вац, ахь лоьралла дешна аьлла!

Чолха-хуттургаза алам

  • Ас сайн болх бо, бераш арахь ловзу.
  • Со йаа хӏума йиъна велира, цултӏаьхьа со дӏавижира.
  • Хьоьгара хӏара дели, кхултӏаьхьа нахана йуккъахь лела а веза!
  • И дешна велира, тӏаккха цо садаьӏира.
  • Ас кхин хӏумма а дан ца деза, аьлча а со тӏедилларш кхочушдина ваьлла.
  • Ас ӏамийра, йуха ас садаьӏира.
  • Ас болх бира, кхин а ас дийшира.
  • Суна и жайна хаза ца хета, цундела ас ца дишира.
  • Со ца вахара, хӏунда аьлча сан дог ца догӏура.
  • Хӏунда аьлча сан дог ца догӏура, тӏаккха со ца вахара.

VIII. айдардош

Айдардош далош; йа тӏехьа, йа хьалха, йа дехьа-сехьа цӏоьмалг йилла, мичахь лаьтта хьажжина.

  • Хӏай, вон ма лела!
  • Вон ма лела, хӏай, ӏадӏе!
  • Вон ма лела, хӏай!

Айдар чӏогӏа делахь цӏоьмалган метта айдармахк йуьллу. Айдардош ша цхьа алам хуьлу.

  • Хӏай! Вон ма лела!

Дошам

аьлла, dass, that, что

аьлча а, sprich, meaning, то есть

делахь а, obwohl, even though, даже если

тӏаккха а, sogar dann, even then, даже тогда

хенахь, wenn, when, когда

хӏунда аьлча, weil, because, потому что, так как

-лой, ob

-ийта, damit

Title

My message to you!