Кхаттаралла
Абанаш
Нийса «й» диллар
«я», «яь», «е», «ё», «ю», «юь» метта «йа», «йаь», «йе», «йо», «йу», «йуь» дахка.
Абанаш
Нийса «иэ», «уо» диллар
Хьайна лаахь «иэ», «уо» дилла, ца лаахь ма дилла.
Абанаш
Мукъанаш дахдар
Ши мукъа йиш ду, шайна тӏехьа «й» хӏоттарца дахлуш. И шиъ «и», «уь» ду. Кхинаш деха хилар гайта лаахь, тӏоьхула зил хьакха; ца лаахь, ма хьахьа.
Абанаш
Нийса «ь», «ъ» диллар
Мукъазий, мукъий аба къасто лаахь, цу шинна йуккъа «ъ» дилла.
Абанаш
Нийса «э», «е» диллар
Дешдекъа хьалха «э» дилла, цунна йуккъахь йа тӏехьа «е» дилла.
Абанаш
Нийса «эв», «ев», «аьв» диллар
Хӏорш [eu̯], [oi̯], [ø̯ɐu̯] хезачохь ӏ-ний, хь-ний тӏехьа «аьв» дилла, кхечанхьа дешдакъа долалучохь «эв», цунна йуккъахь йа тӏехьа «ев» дилла.
Абанаш
Нийса «ст» диллар
Дош долалучохь [st] йа [s] йа [t] хезачохь, «ст» дилла.
Абанаш
Нийса «сс», «тт», «лл» дахкар
Лач дожаршкахь шала хезаш делахь, цӏераниг дожарехь шалха дилла «сс», «тт», «лл»; дацахь цхьалха дилла «с», «т», «л».
Абанаш
Шалха абанаш дахкар
Шалха абанаш ул-уллехь нислахь, хьалхарчун шолха аба ма дилла. Цхьатера шин йуккъахь зил белахь йа цхьатера дацахь, ший а дуьззина дилла. Логаниг кхоъ ул-уллехь нислахь, тӏехьа цхьа «ӏ» йа «ъ» дилла.
Абанаш
Мера «н» диллар
Хандешан, мухалдешан, ардамдешан цхьа дешдакъа бен дацахь, тӏехьа «н» дилла. Йуха доланиг дожаран чеккхенашкахь дилла.
Цӏердош
Жимдийриган чеккхе
Тӏаьххьарчул хьалхарчу дешдекъехь дерг «о» делахь йа хезаш дерг [i̯ɐ] йа [iːə̯] долуш «е» делахь, «аг» дилла. Кхечанхьа «иг» дилла.
Цӏердош
Дукхаллин дагаран чеккхе
Дукхаллин дагар кхуллуш «ш», «аш» йа «еш» дуьллу.
Цӏердош
Чеккхенгахь «ъ» йерш
Чеккхенгахь «ъ» делахь, и охьа а дожадей, хьайна йеза дожаран чеккхе тӏетоха.
Цӏердош
Чеккхенгахь «и», «у» дерш
Чеккхенгахь «и» йа «у» делахь, дожаран чеккхе йеккъа тӏетоха.
Цӏердош
Чеккхенгахь мукъазниг дерш
Чеккхенгахь мукъаза эшар долу дешнашний, дожаран чеккхенний йукъа «а» дилла.
Цӏердош
Чеккхенгахь «иэ», «уо» дерш
Чеккхенгахь «ие» йа «уо» делахь, йуккъе «н» дуьллуш тӏетоха дожаран чеккхе.
Цӏердош
Дагарден «й», «ий»
Дагардеш тӏехьа дуьллу «ий», «й» нийса диллар.
Цӏердош
Дукхаллин кепаш
Дукхаллин кепаш нийса легор.
Мухалдош
Дукхаллин кеп
Цхьацца долу мухалдешнийн дукхаллин кеп хуьлу.
Мухалдош
Цалегарш
Хӏара дешнаш дожаршкахь ца хуьйцу: раз, пурх, лач, перс, деакӏов, харц, сов.
Мухалдош
Чеккхенгара ца доьшу «а»
Чеккхангахь хуьлу, ца доьшу «а» нийса диллар.
Мухалдош
Лааме кепаш
Мухалдешнех лааме кепаш «иг», «ниг», «аш», «наш» тӏе а тухуш кхуллу.
Мухалдош
Дустаран дешчеккхе
Дустаран дешчеккхе нийса йиллар.
Дагардош
«Цхьаъ» легор
«Цхьаъ» нийса легор.
Дагардош
Декъаран кеп
Декъаран дагардош нийса диллар.
Дагардош
Ткъаннаш, 100, 1000
Ткъаннашший, 100, 1000 нийса дахкар.
Дагардош
Рогӏаллинаш, эцарнаш
Рогӏаллий, эцарий дагарш нийса дахкар
Цӏерметдош
Легар
Цӏерметдешнаш нийса легор.
Цӏерметдош
Чеккхенгахь «берш» дерш
Чеккхенгахь «берш» дерш нийса легор.
Цӏерметдош
Легарш II
«и»/«иза», «а»/«аза», «хӏара», «ишттаниг», «муханиг», «муьлханиг», «оццулниг», «кхулниг», «хӏоккхулниг» нийса легор.
Цӏерметдош
Доладерзорчеран легарш
Нийса лааме доладерзоран цӏерметдешнаш легор.
Цӏерметдош
Легарш III
Хӏара цӏерметдешнаш «вовший», «массо а», «дерриге а», «вайша»/«вайшиъ», «маса» нийса легор
Хандош
Дошкхолларехь кеп ларйар
Кеп ларйан йеза хандешан кепех дешнаш схьадохуш.
Хандош
Карарчу хенан чеккхенаш
Карарчу хенахь чеккхенгахь «а», «у», «о», «ов», «оь» йа «уьй» маца дуьллу.
Хандош
Хӏинцца йахна хан
Хӏинцца йахначу хенан чеккхенаш нийса йахкар.
Хандош
Йахна хан
Йахна хан нийса кхоллар.
Хандош
Йахна йаьлла хан
Йахна йаьлла хан нийса кхоллар.
Хандош
Йогӏу хан
Йогӏу хан нийса кхоллар.
Хандош
Хаттаркеп
Хандешан хаттаркеп нийса кхоллар.
Хандош
Хьалха йахна хан
Хьалха йахана хан нийса йиллар.
Хандош
Ихна хан
Ихна хан нийса кхоллар.
Хандош
Дацаркеп
Дацаркеп нийса йиллар.
Ардамдош
Тӏехьа шордар
Ардамдош нийса шордар.
Ардамдош
Кепаш ларйар
Карарчу хенах схьайовлу кепаш ларо йеза.
Ардамдош
Легарш
Ардамдешнийн нийса легарш.
Ардамдош
Чӏагӏдардош
Чӏагӏдардешнийн эшарш нийса шалхадахар.
Ардамдош
Билламдош
Билламдош нийса диллар.
Ардамдош
«Ду»-х схьадевлларш
«Ду»-х схьадевлла ардамдешнийн нийса дахкар.
Чолхадош
Къаьстинкхаттар
Чолхадош кхуллуш хенахь къаьстинкхаттар.
Чолхадош
Цхьаьнакхаттар
Чолхадош кхуллуш хенахь цхьаьнакхаттар.
Чолхадош
Зилца кхаттар
Чолхадош кхуллуш хенахь йуккъе зил хьокхуш кхаттар.
Могӏа
Керла могӏа
Дош нийса керлачу могӏане дехьадаккхар.
Дош
Доккха аба
Дешнаш доккха абанашца дӏа маца доло деза.