шитӏадам
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Шитӏадам

Арахецна де 08.06.2025

Асланбек Йесера

Шитӏадам нийса биллар.

Шитӏадам

:

шитӏадам буьллу меттигаш хӏорш йу.

I.

Цхьаннан ма-дарра лер далош.

  • Стага кӏанте хаьттира: «Хьо хьенан ву, жима стаг?»
  • Нанас йоьӏе элира: «Хьой атта ма хетийталахьа!»
  • Девашас кӏанте хаьттира: «Хьо мичахь доьшуш ву?»
  • Денанас элира: «Сан кӏентан бераш дика ду».
  • Шога орду иза алар тӏехь: «Массарна а шениг».
  • Кӏанта дагалоьра: «Ас дешча хӏун дара-те!»

Тӏеалар: тӏадам арахь буьллу, кхинаш чохь йохку.

II.

Хьалхарчу декъехь хьахийна хӏуманна йукъадохурш дагардеш.

  • Вайга тахана «нах» баьхкира: кӏанттий, йоӏӏий, дай.
  • Нанас вайна «йаахӏума» ийцира: бепиг а, налха а, жижиг а.
  • Йоьӏина лаьа кӏант «иштта» хилийта: бахаме а, хаза а, лекха а, лела хууш а.
  • Делан «мухаллаш» хӏорш йу: шадерг далуш а, шадерг хууш, дикалла а и. дӏ. кх.
  • Сан хьуна дан «хьехарш» хӏорш ду: дукха йаа а ма йаа, маьттаза а ма лела, къа а хьега.

III.

Цкъа хьалха аьллачух кхидӏа а кхетош.

  • Йоӏ догдогӏуш йацара: Нана кхелхина, саготта йара.
  • Нана йоьлхуш йара: Цуьнан кӏант тур кхетта, ӏуьллуш вара.
  • Да кечам беш вара: Мостагӏий тӏелата кечбеллера.

IV.

Цкъа хьалха аьлларг хӏунда ду кхетош.

  • Со цигара йухавеара: и ца веънера.
  • Ас ӏаж ца буу: суна и мерза ца хета.
  • Цуьнга ас хилларг ца дийцира: цунна дагах кхетар ду и.
  • Цуьнан жайна ца дийшира цо: хаза ца хета цунна и.

Тӏеалар: шитӏадам дӏа а баьккхина "хӏунда аьлча" дилла а мега:

IV.

Цкъа хьалха аьллачунна кхин а тӏетухуш.

  • Цунна хаьара: эца стага шена тешнабехк бийр буй.
  • Нана кхийтира: шен берех шена накъостий хир боций.
  • Дена гира: шена тешнабехк бан кечвеллий шен накъост.
  • Цӏийндена моьттура: шен зуда шен накъост йу.

Тӏеалар: мотта, хета, ган, кхета, хаа и. дӏ. кх. дешнашна тӏехьа буьллу.

V.

Дакъош гойтуш.

  • 4:3 (шиъ кхоъ) туьйлира вайнаш.
  • Стаггий, зудий дакъош вайн махкахь 1:2 (цхьанний шиъ) ду.

VI.

Декъаран махк.

  • 12 : 4 = 3
  • 18 : 3 = 6
  • 81 : 9 = 9

VII.

Хан йуьллуш.

  • 12:40 даьлча 13:40 даллалц.
  • 14:40 даьлча дуьйна.
  • 15:00 даьлча йиллина хан йу.

VIII.

MAC дуьллуш.

  • 8F:45:23:A4:B3:4F
  • B3:55:AF:3F:22:01
  • 44:FF:33:C3:4F:2C

Тӏеалар: шитӏадам биллича аба доккха дилла деза, буьззина алам и белахь йа доккха дилла дезаш дош и делахь. Кхечанхьа аба жима дилла деза.

Title

My message to you!