хандош
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Хандош

Арахецна де 07.10.2025

Асланбек Йесера

Хандашах лаьцна хаамаш

Хандош

Нохчойн маттахь хандешан пхи дакъа ду: хан (tense), дагар (aspect), саттам (mood), тоьшалла (evidentiality), цецдалар (mirativity).

Хандеша дагарш хӏорш ду: дукхалла (plurality), дукхазалла (pluractionality). Дукхаллина йукъадогӏу цхьаллин кеп (singular), дукхаллин кеп (plural). Дукхазаллина йукъадогӏу йалаза кеп (imperfective), йаьлла кеп (perfective).

Хандешан саттамаш хӏорш бу:

  1. хеназниг (infinitive)
  2. гайтамниг (indicative)
  3. сатийсарниг (subjunctive)
  4. сатийсарниг II (subjunctive II)
  5. лаамниг (optative)
  6. бехкамниг (conditional)
  7. бехкамниг II (conditional II)
  8. бехкамниг III
  9. бехкамниг IV
  10. бехкамниг V
  11. лаам-бехкамниг (optative-conditional)
  12. тӏедилларниг (imperative)
  13. хаттарниг (interrogative)

Хандешан тоьшаллаш хӏорш ду: цагинарг (non-witnessed), лачлер (quotative).

Дагар

Эриг (subject) дукхаллин дагарехь хила дезахь, иштта хандашах дукхаллин кеп олу, а. д. хьовса, совца, довда и. дӏ. кх. И цхьаллин дагарехь хила дезахь, цхьаллин кеп олу, а. д. хьажа, саца, дада и. дӏ. кх.

Хандешан ардамо дукха хан дӏалоцуш йелахь, сихха дан а дина чекхдолуш дацахь, цу хандашах йалаза кеп олу, а. д. леха, сеца, сетта и. дӏ. кх. Ткъа и сихха дан а дина, чекхдолуш делахь, цу хандашах йаьлла кеп олу, а. д. лаха, саца, сатта и. дӏ. кх.

Саттам

Хандешнаш хенашкахь хийцарх ханхийцар (conjugation) олу. Нохчойн маттахь 12 ханхийцар ду:

карара хан (present simple), цхьамма ардам (action) беш хилар гойту хӏокхо. Эцаметтехь дӏахӏоьттина деш воллуш хила везаш вац и хӏара кеп лело, цо цкъацца йа шен рожехь деш хилча а тоьаш ду.

карара чекхйалаза хан (present progressive), цхьамма ардам (action) беш хилар гойту хӏокхо а. Эцаметтехь дӏахӏоьттина деш воллуш хила везаш ву и хӏара кеп лело.

йахана йаьлла хан (present perfect), йаханчу хенахь ардам (action) бан а бина чекхбаьлла белахь, лелайо хӏара кеп. Маца бина, муха бина ца гойту хӏокхо.

хӏинцца йахана хан (past recent), дукха хан йоцуш ардам (action) бина хилар гойту хӏокхо.

гуш йахана хан (past simple), йаханчу хенахь ардам (action) бан а бина чекхбаьлла белахь а, йуха дуьйцучунна и гина делахь а, лелайо хӏара кеп.

хьалха йахана хан (past perfect), йаханчу хенахь ши ардам (action) буьйцуш хенахь, хьалхарниг (цкъа хьалха хилларг) хьахош йара кеп лелайо.

ихина хан (past habitual), йаханчу хенахь ардам (action) йуха-йуха бина хиллехь, лелайо хӏара кеп.

йахана чекхйалаза хан (past progressive), йаханчу хенахь ардам (action) дӏахӏоьттина эцаметтехь беш лаьтташ хиллехь, лелайо хӏара кеп.

йан мега хан (future potential), йогӏучу хенахь ардам (action) хила а, ца хила а мегаш делахь, лелайо хӏара кеп.

йогӏу хан (future simple), йогӏучу хенахь ардам (action) хила безаш белахь, лелайо хӏара кеп.

йогӏу чекхйалаза хан (future progressive), йогӏучу хенахь ардам (action) дӏахӏоьттина эцаметтехь беш лаьтташ хир велахь, лелайо хӏара кеп.

йогӏу йахана хан (future perfect), йогӏучу хенахь ардам (action) бина чекхбаьлла хир белахь, лелайо хӏара кеп.

Хеназниг

Хӏара саттам шена тӏехьа «а» йа «н» тӏекхетарца кхоллало. Хандош цхьана дешдекъах лаьтташ делахь, тӏехьа «н» тӏетоха, дацахь «а» тӏетоха. Кху кепо ца гойту маца хилла ардам, кхо гойту иза беккъа хӏун ардам бу.

тӏехьа «н» тӏехьа «а»

ган

дийца

дан

лаца

ден

леха

лан

ловза

тан

хаза

тен

хьажа

ӏан

хьакха

ӏен

хьалха

Гайтамниг

Дацаркеп къовларш йуккъахь йалийна.

ханхийцар

карара хан

(ца) хьожу, (хьажац)

карара чекхйалаза хан

хьожуш ду (дац)

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжна (хьаьжнац)

хӏинцца йахана хан

(ца) хьаьжи

гуш йахана хан

(ца) хьаьжира

хьалха йахана хан

(ца) хьаьжнера

ихина хан

(ца) хьожура

йахана чекхйалаза хан

хьожуш дара (дацара)

йан мега хан

(ца) хьожур

йогӏу хан

хьожур ду (дац)

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир ду (дац)

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир ду (дац)

Сатийсарниг

(ма) хьожийла!

Воккхах дукха вехийла!

Сатийсарниг II

ханхийцар

йогӏу хан

хьожур дара (дацара)

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир дара (дацара)

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир дара (дацара)

Лаамниг

ханхийцар

карара чекхйалаза хан

хьожуш (ма) делара

йахана йаьлла хан

хьаьжна (ма) делара

йогӏу хан

хьожур (ма) делара

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир (ма) делара

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир (ма) делара

Бехкамниг

Биллам кхочуш а бина, цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо. Хӏора кепана тӏехьа «а» хӏотторца биллам кхочуш хилча а, ца хилча а бен ца хилар гойту: хьажахь а, ца хьажахь а и. дӏ. кх.

ханхийцар

карара хан

(ца) хьажахь

карара чекхйалаза хан

хьожуш делахь (дацахь)

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжнехь, хьаьжнелахь

йогӏу хан

хьожур делахь (дацахь)

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир делахь (дацахь)

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир делахь (дацахь)

Бехкамниг II

Ардам биначул тӏаьхьа, цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо. Чеккхенгахь «хь» долуш (хьаьжчахь) кеп ширачу дийцаршкахь бен ца нисло. Кепана тӏехьа «а» хӏотторца, ардам бар йа ца бар бен ца хилар гойту: хьаьжча а.

ханхийцар

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжча(хь)

Бехкамниг III

Ардам бина хан тӏера дуьйна, цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо.

ханхийцар

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжчхьана

Бехкамниг IV

Ардам бина а болуш, тӏаккха а цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо. Карара чекхйалаза хеначо ардам бича, эцаметтехь хуьлуш хилар а гойту.

ханхийцар

карара чекхйалаза хан

хьожжушехь,

хьожушшехь

йахана йаьлла хан

хьаьжжинашехь,

хьаьжнашшехь

Бехкамниг V

Ардам биначул тӏаьхьа, эцаметтехь цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо.

ханхийцар

йахана йаьлла хан

(хьажа) ма‑хьаьжжина,

(хьажа) ма‑хьаьжжинехь

Лаам-Бехкамниг

ханхийцар

карара хан

(ца) хьажахьара

карара чекхйалаза хан

хьожуш делахьара (дацахьара)

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжнехьара, хьаьжнелахьара

йогӏу хан

хьожур делахьара (дацахьара)

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир делахьара (дацахьара)

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир делахьара (дацахьара)

Тӏедилларниг

цхьанна дукханна

тӏедожор

хьажа

тӏедожор

хьовса

гӏийла тӏедожор

хьажал

гӏийла тӏедожор

хьовсал

лаар

хьажалахь

лаар

хьовсалаш

дехар

хьажахьа

дехар

хьовсийша

чӏогӏа дехар

хьажахьара (хьо)

чӏогӏа дехар

хьовсахьара (шу)

цхьанна дукханна

тӏедожор

деша

тӏедожор

деша

гӏийла тӏедожор

дешал

гӏийла тӏедожор

дешал

лаар

дешалахь

лаар

дешалаш

дехар

дешахьа

дехар

дешийша

чӏогӏа ехар

дешахьара (ахь)

чӏогӏа дехар

дешахьара (аш)

Хаттарниг

Тӏехьа «й» йа «ий» дилларца йа йиш айъарца до хаттар. Хӏинцца йахана хенахь деккъа йиш айъорца до хаттар.

ханхийцар

карара хан

(ца) хьожий

карара чекхйалаза хан

хьожуш дуй (даций)

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжний

хӏинцца йахана хан

(ца) хьаьжи

гуш йахана хан

(ца) хьаьжирий

хьалха йахана хан

(ца) хьаьжнерий

ихина хан

(ца) хьожурий

йахана чекхйалаза хан

хьожуш дарий (дацарий)

йан мега хан

(ца) хьожуррий

йогӏу хан

хьожур дуй (даций)

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир дуй (даций)

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир дуй (даций)

Тоьшалла

Дуьйцучунна ша дуьйцург гина йа ца гина хаам беш кепаш йу.

Цагинарг

Иштта олучунна ша дуьйцург гина дац.

ханхийцар

карара чекхйалаза хан

хьожуш (ца) хилла

йахана йаьлла хан

хьаьжна (ца) хилла

йан мега хан

хьожур (ца) хилла

Лачлер

Кхечамма аьлларг дуьйцуш хӏара кеп лелайо.

ханхийцар

карара хан

(ца) хьожу боху

карара чекхйалаза хан

хьожуш ду (дац) боху

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжна боху

хӏинцца йахана хан

(ца) хьаьжи боху

гуш йахана хан

(ца) хьаьжира боху

хьалха йахана хан

(ца) хьаьжнера боху

ихина хан

(ца) хьожура боху

йахана чекхйалаза хан

хьожуш дара (дацара) боху

йан мега хан

(ца) хьожур боху

йогӏу хан

хьожур ду (дац) боху

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир ду (дац) боху

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир ду (дац) боху

Цецдалар

Цецволуш йа ца тешаш дуьйцу кепаш йу кхузахь йуьйцурш.

Цецдаларкеп

Ца тешаш дуьйцуш, хӏара кепаш лело йеза.

ханхийцар

карара хан

(ца) хьожу боху-кх

карара чекхйалаза хан

хьожуш ду (дац) боху-кх

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжна боху-кх

хӏинцца йахана хан

(ца) хьаьжи боху-кх

гуш йахана хан

(ца) хьаьжира боху-кх

хьалха йахана хан

(ца) хьаьжнера боху-кх

ихина хан

(ца) хьожура боху-кх

йахана чекхйалаза хан

хьожуш дара (дацара) боху-кх

йан мега хан

(ца) хьожур боху-кх

йогӏу хан

хьожур ду (дац) боху-кх

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир ду (дац) боху-кх

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир ду (дац) боху-кх

Цецхаттаркеп

Цатешаш хаттарден кепаш хӏорш йу. Хандешан кепа тӏехьа «-кхи» (цецволуш хаттар), «-те»/«-техьа»/«-теша» (ца тешаш алар), «-ца» (ца тешаш хаттар) тӏе а тухуш кхуллу хӏара кепаш.

ханхийцар

карара хан

(ца) хьожу-кхи

(ца) хьожу-теша

(ца) хьожу-те

(ца) хьожу-техьа

(ца) хьожу-ца

карара чекхйалаза хан

хьожуш ду-кхи (дац-кхи)

хьожуш ду-теша (дац-теша)

хьожуш ду-те (дац-те)

хьожуш ду-техьа (дац-техьа)

хьожуш ду-ца (дац-ца)

йахана йаьлла хан

(ца) хьаьжна-кхи

(ца) хьаьжна-теша

(ца) хьаьжна-те

(ца) хьаьжна-техьа

(ца) хьаьжна-ца

хӏинцца йахана хан

(ца) хьаьжи-кхи

(ца) хьаьжи-теша

(ца) хьаьжи-те

(ца) хьаьжи-техьа

(ца) хьаьжи-ца

гуш йахана хан

(ца) хьаьжира-кхи

(ца) хьаьжира-теша

(ца) хьаьжира-те

(ца) хьаьжира-техьа

(ца) хьаьжира-ца

хьалха йахана хан

(ца) хьаьжнера-кхи

(ца) хьаьжнера-теша

(ца) хьаьжнера-те

(ца) хьаьжнера-техьа

(ца) хьаьжнера-ца

ихина хан

(ца) хьожура-кхи

(ца) хьожура-теша

(ца) хьожура-те

(ца) хьожура-техьа

(ца) хьожура-ца

йахана чекхйалаза хан

хьожуш дара-кхи (дацара-кхи)

хьожуш дара-теша (дацара-теша)

хьожуш дара-те (дацара-те)

хьожуш дара-техьа (дацара-техьа)

хьожуш дара-ца (дацара-ца)

йан мега хан

(ца) хьожур-кхи

(ца) хьожур-теша

(ца) хьожур-те

(ца) хьожур-техьа

(ца) хьожур-ца

йогӏу хан

хьожур ду-кхи (дац-кхи)

хьожур ду-теша (дац-теша)

хьожур ду-те (дац-те)

хьожур ду-техьа (дац-техьа)

хьожур ду-ца (дац-ца)

йогӏу чекхйалаза хан

хьожуш хир ду-кхи (дац-кхи)

хьожуш хир ду-теша (дац-теша)

хьожуш хир ду-те (дац-те)

хьожуш хир ду-техьа (дац-техьа)

хьожуш хир ду-ца (дац-ца)

йогӏу йахана хан

хьаьжна хир ду-кхи (дац-кхи)

хьаьжна хир ду-теша (дац-теша)

хьаьжна хир ду-те (дац-те)

хьаьжна хир ду-техьа (дац-техьа)

хьаьжна хир ду-ца (дац-ца)

Куцдошший, Латтаммий

Хандашах куцдош йа латтам (adverbial) схьабаккхало. Нохчойн маттахь шортта некъаш ду хандашах уьш схьадаха. И шиъ хандашна хьалха хӏуттий, цу хандашо буьйцу ардам муха йа муьлхачу кепахь хуьлуш бу хоуьйту.

Меттигниг Куцдош/Латтам

Хӏокхара схьакъастадо мичахь хуьлуш бу ардам (action). Хӏорш карарчу, йаханчу, йогӏучу хенашца кхоллало: хьожучу, хьаьжначу, йожур долчу, хьожучохь, хьаьжначохь, йожур долчохь и. дӏ. кх.

куцдош мехалла

хьожучу

хьожучу меттиге

хьожучохь

хьожучу меттигехь

хьожучуьра

хьожучу меттигера

хьожучухьа

хьожучу меттигехьа

хьожучухьара

хьожучу меттигехьара

хьожучухула

хьожучу меттигехула

хьожучухьахула

хьожучу меттигехьахула

хьожучоц

хьожучу меттиге кхаччалц

Бехкаман-Лааман Латтам

Ардаман (action) биллам йа лаам схьакъасто латтамаш.

латтам мехалла

хьажжане а ца (хьожу)

хӏуъа а дича а ца

хьожийла (лаьа)

хьажийта (лаьа)

Хӏундаллин Куцдош

Ардаман (action) хӏундалла схьакъасто латтамаш.

ханхийцар мехалла

хьажархьама

ӏалашо кхочуш йа лууш

хьажарна

хӏума даьлла дела

Меллин Куцдош

Ардаман барам (action) схьакъасто куцдешнаш.

ханхийцар мехалла

хьожучул

хьажаран барамал,

хьожу хӏуманан барамал

хьожучулла

хьажаран барамехь,

хьожу хӏуманан барамехь

хьаьжначул

хьаьжна хӏуманан барамал

хьаьжначулла

хьаьжна хӏуманан барамехь

хьажжал

хьажарна тӏекхача барамехь

хьажжалц

хьажарна тӏекхаьчча чекхдолучу барамехь

Кепаниг Куцдош/Латтам

Ардаман (action) кеп схьакъасто куцдешнаш/латтамаш.

куцдош/латтам мехалла

(хьажа) ма‑хьажжалу

хьажа доьналла кхочуш агӏо

(хьажа) ма‑хьажжара

хьажарх тера

(хьажа) ма‑хьожжу

хьажарх тера

хьожучха

хьожу кеп хӏоттош

хьаьжначха

хьаьжча санна кеп хӏоттош

хьажаза

ца хьаьжна, ца хьожуш

Хенаниг Куцдош

Ардаман (action) хан схьакъасто куцдешнаш.

ханхийцар мехалла

хьажале

хьажаран хена хьалха

хьажжалц

хьажаран хан тӏекхаьчча, сецаш

Караберзо кеп

Чолха-алам хӏоттош, цхьамма шолгӏаниг шена караберзо хандешан кепаш. Долаберзо кепаш бес-бесара хуьлу.

Биллам

Бехкамниг саттамаш хӏиттош, церан кепаш долаберзонаш санна лелайо.

  • Ахь дешахь, хьо хьегалла долуш хир ву.
  • Ахь дешахь а, хьо хьегалла долуш хир вац.
  • Ахь къахьегнехь, хьуна карор ду.
  • Ахь къахьегнехь а, хьуна карор дац.
  • Ахь болх бича, хьан бахам хир бу.
  • Ахь болх бича а, хьан бахам хир бац.
  • Ахь болх бичхьана, хьан бахам хир бу.
  • Ахь жайна доьшшушехь, йукъаиккхира иза.
  • Ахь доьшшушехь, томахь вац да.
  • Ахь деша ма-дешшина, хьо балха гӏур ву.

Сатийсарниг II, Лаам-бехкамниг

  • Ахь дешахьара, хьо хьегалла долуш хир вара.
  • Ахь дешнехьара, хьуна карор дара.

Меттиг

  • Мукъаниг «а» деха хезачохь, тӏоьхула зил хьакха мега.
  • Хьо веъначу, ма кхачийталахьа и.
  • Хӏара дош схьадолучуьра, вайга кхин а дуккха а дешнаш дахало.

Хан

  • Ахь дитт хадош, цкъа хьалха дикка диг ирде!
  • Ахь дитт хадочу хенахь, цкъа хьалха дикка диг ирде!
  • Хьо цӏавахале, дешна вала веза.
  • Хьо дешна валлалц, дикка ӏамаде!

Хӏундалла

  • Ахь шорта дийшира, дуккха бахам гулбархьама.
  • Со ала а ца олуш дӏавахарна, къинтӏера валалахьа суна!

Мелла

  • Хӏара болх бечул, хьайн деша вахар дико ду.
  • Хӏара болх баллал, къахьега деза ахь.
  • Хӏара болх баллалц, къахьега ахь.

Кеп

  • Кӏант йоӏе дӏахьажаза, араваьлла дӏавахара.
  • Хьехархочунна хьалаха доьшучха, кӏанта хӏуманаш леладора.
  • Айх балхахь къа ма-хьеггара, чохь болх бе!
  • Айх балхахь къа ма-хьоьггу, чохь болх бе!
  • Хьайга болх ма-баллу, чохь къахьега!

Ханхийцаран кепаш

Чеккхенгахь «о» долу хандешнийн ханхийцаршший, тӏедилларшший иштта ду.

ханхийцар

хеназниг

хьасто

карара хан

(ца) хьастадо

карара чекхйалаза хан

хьастош ду (дац)

йахана йаьлла хан

(ца) хьастийна

хӏинцца йахана хан

(ца) хьастий

гуш йахана хан

(ца) хьастийра

хьалха йахана хан

(ца) хьастийнера

ихина хан

(ца) хьастадора

йахана чекхйалаза хан

хьастош дара (дацара)

йан мега хан

(ца) хьастор

йогӏу хан

хьастор ду (дац)

йогӏу чекхйалаза хан

хьастош хир ду (дац)

йогӏу йахана хан

хьастийна хир ду (дац)

цхьанна дукханна

тӏедожор

хьастаде

тӏедожор

хьастаде

гӏийла тӏедожор

хьастадел

гӏийла тӏедожор

хьастадел

лаар

хьастаделахь

лаар

хьастаделаш

дехар

хьастадехьа

дехар

хьастадейша

чӏогӏа ехар

хьастадахьара (ахь)

чӏогӏа дехар

хьастадахьара (аш)

Хандешан дукхаллин кеп йелахь, дукханна тӏедиллар деш дукхаллин кеп лело йеза.

цхьанна дукханна

тӏедожор

хьажаде

тӏедожор

хьовсаде

гӏийла тӏедожор

хьажадел

гӏийла тӏедожор

хьовсадел

лаар

хьажаделахь

лаар

хьовсаделаш

дехар

хьажадехьа

дехар

хьовсадейша

чӏогӏа ехар

хьажадахьара (ахь)

чӏогӏа дехар

хьовсадахьара (аш)

Title

My message to you!