цӏердош
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Цӏердош

Арахецна де 26.01.2025

Асланбек Йесера

Цӏердешнех лаьцна хаамаш.

Легар

Нохчойн маттахь цӏердешан кхо дакъа ду: гайтам (grammatical class, article), дагар (number), дожар (case).

Дожар

Цӏердешнийн 26 дожар ду.

Цӏераниг (absolutive), хӏара хьалхара дожара ду. Кхо гойтург цу хӏуманна цӏе йу. Цхьаццадолу хандешнашна йуххе дериг (object) хуьлий, кхечарна йуххе эриг (subject) хуьлий, дӏахӏутту.

  • Мостагӏчо вийна стаг.
  • Кӏанта лоьху декъалла.
  • Да-нана лаьтта кертахь.
  • Нана хьожу бере.

Доланиг (genitive), хӏокхо цхьа хӏума хьенан йу гойту. И хӏума долахь йерг мила ву, хьанна кхочуш йу хоуьйту.

  • Ненан коч хаза йу.
  • Ден декхар хала ду.
  • Кӏентан дог доккха ду.
  • Йоьӏан мотт шера бу.

Лург (dative), ардам (action) хьанна тӏе хьажийна бу гойту кху дожаро.

  • Нанас берана даар ло.
  • Дас кӏантана туху.
  • Кӏанта дена говр ло.
  • Беро нанна барт йоккху.

Дийриг (ergative), ардам (action) беш верг мила ву гойту кху дожаро.

  • Кӏанта туху мостагӏчунна.
  • Дас ӏамаво кӏант.
  • Нанас кхетайо йоӏ.
  • Дахаро дукха хӏума гойту.

Коьчалниг (instrumental-comitative), ардам (action) хьаьнца йа стенца беш бу гойту кху дожаро.

  • Ненаца новкъа велира кӏант.
  • Деца дахара тхо деша.
  • Куьйгаца бира цо дика болх.
  • Дегӏаца гайтира цо шен ницкъ.

цхьаьнадерг (comitative-abessive), садерг йа хӏума хьаьнца йа стенца йу гойту кху дожаро.

  • Соьцара накъост дика ву.
  • Хьоьцара накъост вон ву.
  • Некъанцара хьовзам хала бу.
  • Вайцара говр чехка йу.

хотталург (deessive), хӏуманан хьост, цуьнан схьайалар мичар ду гойту. Йуха цхьаццадолу хандешнаша шена дериг хилла улле хуттуш а доьху хӏара дожар.

  • Хьо хьанах теша?
  • Цо аьллачух ца кхийтира со.
  • Муьлхачу буьхах схьадаьлла и дош.
  • Эчигах дуккха а са ду вайна.

куьцаниг (adverbial), хьанах йа стенах тера лелаш ду гойту кху дожаро.

  • Вираха ӏоьху и стаг.
  • Нохчошха ца лела и кӏант.
  • Стешха ма лела, хӏай нах!
  • Шен деха (шен да санна) лела кӏант.

меттигниг (adessive), мича йа стенга доьдуш ду гойту кху дужаро.

  • Нене дӏакховдабе хӏара тӏоьрмиг.
  • Австре вахна кӏант.
  • Ӏаьнаре дирзина хи.
  • Ловзаре кхайкхина тхо.

доллург (inessive), ардам (action) мичахь йа стенгахь хуьлуш бу гойту кху дужаро.

  • Стагехь догӏуш хӏума ду и.
  • Схьагарехь иштта ду и.
  • Дешарехь дуккха а са ду вайна.
  • Австрехь вехаш ву да.

долург (abessive), ардам (action) мичара йа стенгара богӏуш бу гойту кху дужаро.

  • Стагера дер дац иштта хӏума.
  • Австрера хаам беара вайга.
  • Цу сацамера эшам белира.
  • Аламера са делира цунна.

хадорг (transessive), ардам (action) хӏун йа мила хадош, хьанах и чекхболуш хилла гойту кху дожаро.

  • Ненехула хаам беара.
  • Кӏантехула элира цо.
  • Дегахула декхар схьадаийтира кӏанта.
  • Йоьӏехула дӏаалийтира нанас дезарг.

агӏонниг (allative)

агӏорниг (ablative)

агӏохадорг (ablative-transessive)

дозаниг (terminative)

дустург (comparative)

саннарг (equative)

тӏедолург (superadessive)

тӏехьдерг (superinessive)

тӏерадуссург (superabessive)

йуккъедолург (comitive-intralative)

йуккъехьдерг (intrainessive)

йуккъерниг (intraabessive)

доцург (caritive)

йуккъердоцург (extraabessive)

дожар цхьаъ дукха

цӏераниг

дин

дой

доланиг

динан

дойн

лург

динна

дойшна

дийриг

дино

дойша

коьчалниг

динца

дойшца

цхьаьнадерг

динцара

дойшцара

хотталург

динах

дойх

куьцаниг

динаха

дойшха

меттигниг

дине

дойшка

доллург

динехь

дойшкахь

долург

динера

дойшкара

хадорг

динехула

дойшкахула

агӏонниг

динехьа

дойшкахьа

агӏорниг

динехьара

дойшкахьара

агӏохадорг

динехьахула

дойшкахьахула

дозаниг

динец

дойшкац

дустург

динал

дойл

саннарг

диналла

дойлла

тӏедолург

дина

дойша

тӏехьдерг

динахь

дойшахь

тӏерадуссург

динара

дойшара

йуккъедолург

динала

дойла

йуккъехьдерг

диналахь

дойлахь

йуккъерниг

диналара

дойлара

доцург

динза

дойшса

йуккъердоцург

динзара

дойшсара

Дешнаш схьадахар

Цӏердашах шорта кхин дешнаш схьадахало. Аламехь лелош коьрта диъ дожар ду: цӏераниг, доланиг, лург, дийриг. Йуха дустуш мухалдашна хьалха хӏоттош леладо дустург дожар. Мухалдош санна леладо цхьаьнадерг дожар.

Куцдош

Лахахь далийна дожарш куцдешнаш санна лелош ду.

  • коьчалниг: Деца вахара кӏант
  • хотталург: Къонахех схьабевлла нохчой
  • куьцаниг: Вираха ӏоьху и стаг
  • меттигниг: Австре вахана да
  • доллург: Австрехь вехаш ву да
  • долург: Австрера вогӏуш ву да
  • хадорг: Австрехула вогӏуш ву да
  • агӏонниг: Австрехьа вахана да
  • агӏорниг: Австрехьара вогӏуш ву да
  • агӏохадорг: Австрехьахула вогӏуш ву да
  • дозаниг: Лаьмнашкац биллина некъ
  • саннарг: Хьолла хилла кӏант
  • тӏедолург: Дина хии да
  • тӏехьдерг: Динахь вахана да
  • тӏерадуссург: Динара воьсси да
  • йуккъедолург: Нахала вели стаг
  • йуккъехьдерг: Нахалахь лела и хӏума
  • йуккъерниг: Нахалара схьадаьлла и хӏума
  • доцург: Декъаза вехаш ву стаг

Мухалдош

Лахахь далийна дожарш мухалдешнаш санна лелош ду.

  • доланиг: ненан дог
  • цхьаьнадерг: соьцара накъост
  • куьцаниг: стешха стаг
  • долург: австрера стаг
  • агӏорниг: австрехьара некъ
  • саннарг: делла кӏанта
  • тӏерадуссург: ломара стаг
  • йуккъедолург: декъала дахар
  • йуккъерниг: нахалара лелар
  • доцург: декъаза стаг
  • йуккъердоцург: нахазара лелар

Цӏердош

Цӏердашна тӏехьа «алла» йа «улла» тӏетохарца кхоллало кхидолу цӏердешнаш.

дош схьадалар

зудачалла

< зудачун + алла

къонахалла

< къонаха + алла

стогалла

< стаг + улла

Кху дожаршна — цхьаьнадерг, долург, агӏорниг, тӏерадуссург, йуккъерниг, йуккъердоцург, йуккъедолург, куьцаниг — тӏехьа «о» тӏетохарца дешнаш кхоллало.

дош схьадалар

белхахо

< белхаха + о

белхало

< белхала + о

ламаро

< ломара + о

Цӏердашна тӏехьа «гӏа» тӏетохарца дешнаш кхоллало:

дош схьадалар

даьттагӏа

< даьтта + гӏа

Цӏердашна тӏехьа «ост» тӏетохарца дешнаш кхоллало.

дош схьадалар

накъост

< некъ + ост

Цхьана дешдекъах лаьтта дашна тӏехьа «ала» йа «ула» тӏетохарца дешнаш кхоллало.

дош схьадалар

дола

< да + ула

къола

< къу + ула

пхьола

< пхьа + ула

Title

My message to you!