Легар
Нохчийн маттахь цӏердешан кхо дакъа ду: гайтам (grammatical class, article), дагар (number), дожар (case).
Гайтам
Нохчийн маттахь йалх гайтамдакъа а, йуха биъ гайтам а (в, й, б, д) бу. Хьалхарчу декъо боьршаниг схьакъаставо, шолгӏачо стениг схьакъастайо. Дисна долу дешнаш тӏаьххаьра диъ дакъошна дӏасдоькъу. Дӏасдекъарехь гучуйаьлла раж йац. Цхьаццадолу дешнашна алало муьлхачу декъана йуккъе догӏу, кхечарна ца алало.
| гайтамдакъа | цхьаъ | дукъа |
|---|---|---|
I |
ву |
бу |
II |
йу |
бу |
III |
ду |
ду |
IV |
йу |
йу |
V |
бу |
бу |
VI |
бу |
ду |
Дагар
Нохчийн маттахь ши дагар ду: цхьаллин дагар, дукхаллин дагар.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
алар |
аларш |
да |
дай |
дакъа |
дакъош |
доьхка |
доьхкарш |
кӏант |
кӏентий |
нуй |
нораш |
цӏе |
цӏерш |
Дожар
Цӏердешнийн 23 дожар ду.
Цӏераниг (absolutive), хӏара хьалхара дожара ду. Кхо гойтург цу хӏуманна цӏе йу. Цхьаццадолу хандешнашна йуххе дериг (object) хуьлий, кхечарна йуххе эриг (subject) хуьлий, дӏахӏутту.
- Мостагӏчо вийна стаг.
- Кӏанта лоьху декъалла.
- Да-нана лаьтта кертахь.
- Нана хьожу бере.
Доланиг (genitive), хӏокхо цхьа хӏума хьенан йу гойту. И хӏума долахь йерг мила ву, хьанна кхочуш йу хоуьйту.
- Ненан коч хаза йу.
- Ден декхар хала ду.
- Кӏентан дог доккха ду.
- Йоьӏан мотт шера бу.
Лург (dative), ардам (action) хьанна тӏе хьажийна бу гойту кху дожаро.
- Нанас берана даар ло.
- Дас кӏантана туху.
- Кӏанта дена говр ло.
- Беро нанна барт йоккху.
Дийриг (ergative), ардам (action) беш верг мила ву гойту кху дожаро.
- Кӏанта туху мостагӏчунна.
- Дас ӏамаво кӏант.
- Нанас кхетайо йоӏ.
- Дахаро дукха хӏума гойту.
Коьчалниг (instrumental-comitative), ардам (action) хьаьнца йа стенца беш бу гойту кху дожаро.
- Ненаца новкъа велира кӏант.
- Деца дахара тхо деша.
- Куьйгаца бира цо дика болх.
- Дегӏаца гайтира цо шен ницкъ.
хотталург (deessive), хӏуманан хьост, цуьнан схьайалар мичар ду гойту. Йуха цхьаццадолу хандешнаша шена дериг (object) хилла улле хуттуш а доьху хӏара дожар.
- Хьо хьанах теша?
- Цо аьллачух ца кхийтира со.
- Муьлхачу буьхах схьадаьлла и дош.
- Эчигах дуккха а са ду вайна.
куьцаниг (adverbial), хьанах йа стенах тера лелаш ду гойту кху дожаро.
- Вираха ӏоьху и стаг.
- Нохчашха ца лела и кӏант.
- Стешха ма лела, хӏай нах!
- Шен деха (шен да санна) лела кӏант.
меттигниг (adessive), мича йа стенга доьдуш ду гойту кху дужаро.
- Нене дӏакховдабе хӏара тӏоьрмиг.
- Австре вахна кӏант.
- Ӏаьнаре дирзина хи.
- Ловзаре кхайкхина тхо.
доллург (inessive), ардам (action) мичахь йа стенгахь хуьлуш бу гойту кху дужаро.
- Стагехь догӏуш хӏума ду и.
- Схьагарехь иштта ду и.
- Дешарехь дуккха а са ду вайна.
- Австрехь вехаш ву да.
долург (abessive), ардам (action) мичара йа стенгара богӏуш бу гойту кху дужаро.
- Стагера дер дац иштта хӏума.
- Австрера хаам беара вайга.
- Цу сацамера эшам белира.
- Аламера са делира цунна.
хадорг (transessive), ардам (action) хӏун йа мила хадош, хьанах и чекхболуш хилла гойту кху дожаро.
- Ненехула хаам беара.
- Кӏантехула элира цо.
- Дегахула декхар схьадаийтира кӏанта.
- Йоьӏехула дӏаалийтира нанас дезарг.
агӏонниг (allative), ардам (action) муьлхачу агӏоне хьажийна бу гойту кху дожаро.
- Ненехьа дӏахьаьжира йоӏ.
- Дегахьа уьйзира кӏанта.
- Кӏантехьа кхоьссира цо тӏулг.
- Йоьӏехьа дерзийра ас гӏант.
агӏорниг (ablative), ардам (action) муьлхачу агӏора схьабохуш бу гойту кху дожаро.
- Ненехьара мохь белира.
- Малхбаленгахьара схьабаьхкира уьш.
- Кӏантехьара тӏулг кхийтира.
- Йоьӏехьара кхоьссира тӏулг.
агӏохадорг (ablative-transessive), ардам (action) муьлха агӏо а хадош хуьлуш бу гойту кху дожаро.
- Наьӏехьахула хӏоъ кхийтира цунна (Наьӏехьа а, йуха наьӏехула чекх а болуш).
дозаниг (terminative), ардам (action) мича кхаччалц хуьлуш бу гойту кху дожаро.
- Некхец маж йу стеган (некхана тӏе кхаччалц).
- Логец хи чохь лаьтташ ву кӏант (логана тӏе кхаччалц).
дустург (comparative), ши хӏума дустуш куцдашна йа мухалдашна хьалха хӏутту.
- Кӏант дел лекха ву.
- Да ненал дика хьожу.
- Кӏантал дика йу цуьнан йоӏ.
- Вешел лоха йу йиша.
саннарг (equative), ши хӏума цхьатера хилар гойту кху дожаро.
- Хьолла ву хьан кӏант.
- Солла ву хьо.
- Цулла йу йоӏ.
- Делла ву кӏант.
тӏедолург (superadessive), мила йа хӏун хьанна тӏедолуш ду гойту кху дожаро.
- Дина хиина да (говрана тӏе хиина).
- Дойша хевшира божарий.
- Беша вахана ваша.
- Лома вахана стаг.
тӏехьдерг (superinessive), мила йа хӏун хьанна тӏехь ду йа хьанна тӏехь ардам (action) хуьлуш бу гойту кху дожаро.
- Динахь вахара да (говрана тӏехь вахара).
- Дойшахь бахара божарий.
- Бешахь ву ваша.
- Ломахь ву стаг.
тӏерадуссург (superabessive), мила йа хӏун мичара дуссуш ду гойту кху дожаро.
- Динара воьссира да (говрана тӏера воьссира).
- Дойшара биссира божарий.
- Бешара веара ваша.
- Ломара воьссира стаг.
йуккъедолург (intralative), мила йа хӏун хьанна йуккъе долуш ду йа муьлхачу агӏоне доьдуш ду гойту кху дожаро. Хӏара дожар кхолла дош дукхаллин дагарехь хила дезаш ду йа цхьаллин дагарехь делахь, эцу дашо схьакъастош йолу хӏума йукъ йолуш хила йезаш йу. Дустург дожарна чеккхенга «а» дуьллий, кхулла хӏара.
- Нахала вели стаг.
- Несала йаха зуда.
- Бехкала ваха кӏант.
- Лоьмийла а бевлла, церан жижиг лачкъий божарша.
йуккъехьдерг (intrainessive), мила йа хӏун хьанна йуккъахь ду гойту кху дожаро. Хӏара дожар кхолла дош дукхаллин дагарехь хила дезаш ду йа цхьаллин дагарехь делахь, эцу дашо схьакъастош йолу хӏума йукъ йолуш хила йезаш йу.
- Нахалахь лелаш хӏума ду.
- Вайлахь лелаш дац и.
- Лоьмийлахь лелаш хӏума ду и.
- Зударийлахь лела и.
йуккъерниг (intraabessive), мила йа хӏун хьанна йуккъера ду йа схьадолуш ду гойту кху дожаро. Хӏара дожар кхолла дош дукхаллин дагарехь хила дезаш ду йа цхьаллин дагарехь делахь, эцу дашо схьакъастош йолу хӏума йукъ йолуш хила йезаш йу.
- Нахалара хӏума ду.
- Вайлара дац и.
- Лоьмийлара баьхкина нах.
- Зударийлара лелар ду и.
| дожар | цхьаъ | дукха |
|---|---|---|
цӏераниг |
дин |
дой |
доланиг |
динан |
дойн |
лург |
динна |
дойшна |
дийриг |
дино |
дойша |
коьчалниг |
динца |
дойшца |
хотталург |
динах |
дойх |
куьцаниг |
динаха |
дойшха |
меттигниг |
дине |
дойшка |
доллург |
динехь |
дойшкахь |
долург |
динера |
дойшкара |
хадорг |
динехула |
дойшкахула |
агӏонниг |
динехьа |
дойшкахьа |
агӏорниг |
динехьара |
дойшкахьара |
агӏохадорг |
динехьахула |
дойшкахьахула |
дозаниг |
динец |
дойшкац |
дустург |
динал |
дойл |
саннарг |
диналла |
дойлла |
тӏедолург |
дина |
дойша |
тӏехьдерг |
динахь |
дойшахь |
тӏерадуссург |
динара |
дойшара |
йуккъедолург |
- |
дойла |
йуккъехьдерг |
- |
дойлахь |
йуккъерниг |
- |
дойлара |
Шира дожар
доцург (caritive), цхьа хӏума шегахь ца хилар йа доцуш лелар гойту кху дожару. Хӏара дожар хӏинца нохчийн маттахь кхин лелош дац. Бацойн маттахь тахана а долуш ду. Кхуьнца нохчийн маттахь мухалдешнаш а, куцдешнаш а кхоллало, шайна чохь «цахилар» кхетам болуш. Коьчалниг дожаран чеккхенгара «ца» метта «за» а дуьллий, кхулла хӏара дожар/мухалдош/куцдош. Чолха дош кхуллуш, бухара мукъа йиш хийцаделлехь, йуханехьа «а»-не дерзо деза: дакъа > декъаза > декъаза + даккха/дала > дакъаздаккха/дакъаздала.
- Декъаза лела стаг.
- Декъаза стаг ву.
- Бехказа вуьйлу кӏант.
- Дегаза лелаш ву стаг.
дерг (comitive), цхьа хӏума шегахь хилар йа цу агӏора дахар. Дустург дожарна чеккхенга «а» дуьллий, кхулла хӏара.
- Дегала кӏант ву.
- Декъала хили стаг.
- Декъала стаг ву.
- Мехала болх бу.
Агӏора доьдуш хилар:
- Аркъала йуьйжи йоӏ.
- Бертала кхийти бер.
- Букъала дуьйжи бер.
- Коьртала кхийти кӏант.
Дешнаш схьадахар
Цӏердашах шорта кхин дешнаш схьадахало. Аламехь лелош коьрта диъ дожар ду: цӏераниг, доланиг, лург, дийриг. Йуха дустуш мухалдашна хьалха хӏоттош леладо дустург дожар.
Куцдош
Лахахь далийна дожарш куцдешнаш (adverbs) санна лелош ду.
- коьчалниг: Деца вахара кӏант
- хотталург: Къонахех схьабевлла нохчий
- куьцаниг: Вираха ӏоьху и стаг
- меттигниг: Декхаре вахана да
- доллург: Декхарехь хала вехаш вара да
- долург: Декхера вала лаьара дена
- хадорг: Йоьӏехула олура нанас шена дезарг
- агӏонниг: Йоьӏехьа дӏахьаьжира нана
- агӏорниг: Йоьӏехьара вогӏуш гира нанна шен цӏийнда
- агӏохадорг: Кӏантехьахула хӏоъ кхийтира дена
- дозаниг: Лаьмнашкац биллина некъ
- саннарг: Хьолла кхиина ваьлла кӏант
- тӏедолург: Дина хии да
- тӏехьдерг: Динахь вахана да
- тӏерадуссург: Динара воьсси да
- йуккъедолург: Нахала вели стаг
- йуккъехьдерг: Нахалахь лела хӏума ду и
- йуккъерниг: Нахалара схьадаьлла хӏума ду и
- дерг бертала кхийти
- дерг декъала хили
Мухалдош
Лахахь далийна дожарш мухалдешнаш (adjectives) санна лелош ду.
- доланиг: ненан дог
- куьцаниг: стешха стаг
- долург: безамера йоӏ
- агӏорниг: малхехьара лам
- саннарг: делла кӏанта
- тӏерадуссург: ломара стаг
- йуккъерниг: нахалара лелар
- дерг декъала стаг
- доцург декъаза стаг
Куцдош (adverbs) санна лело дожарна чеккхенга «ра» тӏетохарца кхоллало мухалдош (adjectives).
- нахаза + ра = нахазара 'нах боцу' (а. д. нахазара меттиг)
- некъаца + ра = некъанцара 'некъаца долу' (а. д. некъанцара хьовзам)
- тӏоьхула + ра = тӏоьхулара 'тӏоьхула долу' (а. д. тӏоьхулара чан)
- соьца + ра = соьцара 'соьца долу' (а. д. соьцара накъост)
Цӏердош
Цӏердашна тӏехьа «алла» йа «улла» тӏетохарца кхоллало кхидолу цӏердешнаш.
| дош | схьадалар |
|---|---|
къонахалла |
< къонаха + улла |
стогалла |
< стаг + улла |
Кху дожаршна — дерг/йуккъердолург, куьцаниг, долург — тӏехьа «о» тӏетохарца дешнаш кхоллало, шайна чохь 'эцу хӏуманца гергарло долу стаг' кхетам болуш.
| дош | схьадалар |
|---|---|
белхало |
< белхала + о |
белхахо |
< белхаха + о |
ламаро |
< ломара + о |
Кху дожаршна — долург, агӏорниг, тӏерадуссург, йуккъерниг, доцург, чеккхенгахь «ра» тӏетоьхнарш — тӏехьа «хо» тӏетохарца дешнаш кхоллало, шайна чохь 'эцу хӏуманца гергарло долу стаг' кхетам болуш.
| дош | схьадалар |
|---|---|
белхазхо |
< белхаз(а) + хо |
Кху дожаршна — долург, агӏорниг, тӏерадуссург, йуккъерниг, куьцаниг, доцург, дерг, чеккхенгахь «ра» тӏетоьхнарш — тӏехьа «ло» тӏетохарца дешнаш кхоллало, шайна чохь 'эцу хӏуманца гергарло долу цӏердош' кхетам болуш.
| дош | схьадалар |
|---|---|
белхазло |
< белхаз(а) + ло |
дагахьло |
< дагахь + ло |
дегазло |
< дегаз(а) + ло |
декъазло |
< декъаз(а) + ло |
ледарло |
< ледар + ло |
маьттазло |
< маьттаз(а) + ло |
хьегарло |
< хьегар(а) + ло |
эвхьазло |
< эвхьаз(а) + ло |
Цӏердашна тӏехьа «гӏа» тӏетохарца дешнаш кхоллало:
| дош | схьадалар |
|---|---|
даьттагӏа |
< даьтта + гӏа |
сискалгӏа |
< сискал + гӏа |
соцунгӏа |
< соцун(а) + гӏа |
Цӏердашна тӏехьа «ост» тӏетохарца дешнаш кхоллало.
| дош | схьадалар |
|---|---|
накъост |
< накъ + ост |
Цхьана дешдекъах лаьтта дашна тӏехьа «ала» йа «ула» тӏетохарца дешнаш кхоллало. Хӏорш хӏокхеран «алла», «улла» кхин шолгӏа кепаш йу. Цхьа «л» охьадожарца кхоллайелла уьш.
| дош | схьадалар |
|---|---|
дола |
< да 'отец' + ула |
къола |
< къа 'грех' + ула |
пхьола |
< пхьа 'куьг' + ула |
цӏола |
< цӏу 'идол' + ала |
Чеккхенга «алгӏа», «лгӏа» йа «улгӏа» тӏетохарца кхоллало 'мича воьду' кхетам болуш куцдешнаш.
| дош | схьадалар |
|---|---|
замолгӏа |
< замо + лгӏа |
невцалгӏа |
< невц + алгӏа |
хьошалгӏа |
< хьаша 'гость' + улгӏа |