Ардамдош
Билламдош
Нийса билламдешнаш йаханчу хенан чеккхенгара «на» дӏа а доккхий, тӏехьа чеккхе «ча» йа «чахь» тӏе а тухий, кхуллу. Цкъацца «на» йуккъера «н» цунна хьалхарчу, мукъазчу эшарх дӏатарло. Дӏатарделлехь, иза дӏадаккха деза, тӏехьа «ча» йа «чахь» тӏетухуш: (делла < делна) + ча/чахь = делча/делчахь.
| йахана йаьлларг | билламдош I | билламдош II |
|---|---|---|
даьстина |
даьстича |
даьстичахь |
делла |
делча |
делчахь |
дуьзна |
дуьзча |
дуьзчахь |
ластийна |
ластийча |
ластийчахь |
ӏемина |
ӏемича |
ӏемичахь |
ӏенина |
ӏенича |
ӏеничахь |