ардамдош: кепаш ларйар
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Ардамдош: кепаш ларйар

Арахецна де 03.11.2025

Асланбек Йесера

Карарчу хенах схьайовлу кепаш ларо йеза.

Ардамдош

Кепаш ларор

I.

Карарчу хенах а, йаханчу хенах а схьайевлла кепаш ларйе. Чеккхенгара «у» йа «а» тӏехьа чеккхе «рг», «рш» йа «ш» тӏетухуш ларо деза.

ардамдош лаамениг цхьаъ лаамениг дукха

деха

дехарг

дехарш

доьшу

доьшург

доьшурш

лозу

лозург

лозурш

хьийза

хьийзарг

хьийзарш

даьхна

даьхнарг

даьхнарш

дешна

дешнарг

дешнарш

лезна

лезнарг

лезнарш

хьийзина

хьийзинарг

хьийзинарш

Йаханчу хенах тӏехьа «ш» кхеташ тӏеардамдешнаш схьа ца довлу.

ардамдош тӏеардамдош

деха

дехаш

доьшу

доьшуш

лозу

лозуш

хьийза

хьийзаш

II.

Дешчеккхенна хьалхара мукъа йиш деха делахь, хӏара дешчеккхенаш йахка: «риг», «раш».

лаамениг цхьаъ лаамениг дукха

дуьйриг

дуьйраш

зуьйриг

зуьйраш

туьйриг

туьйраш

Нийсадоцурш

Цхьаццадолчеран шайн кепара кхолладаларш хуьлу: ала, ган, даха (гӏун), дан, дала (лен), лен, дала (лун), лаа, эн, хаа, хьен, дахьа (хьун), ӏан.

ардамдош лаамениг цхьаъ лаамениг дукха

аьн

эриг

эраш

гун

гург

гурш

гӏун

гӏург

гӏурш

ден

дийриг

дийраш

лен

лийриг

лийраш

луьй

луьйриг

луьйраш

лун

лург

лурш

луу

луург

лурш

уьй

уьйриг

уьйраш

хуу

хуург

хуурш

хьуьй

хьуьйриг

хьуьйраш

хьун

хьург

хьурш

ӏан

ӏийриг

ӏийраш

ардамдош Тӏеардамдош

аьн

олуш

гун

гуш

гӏун

гӏуш

ден

деш

лен

леш

луьй

луьйш

лун

луш

луу

лууш

уьй

уьйш

хуу

хууш

хьуьй

хьуьйш

хьун

хьуш

ӏан

ӏаш

Title

My message to you!