Ардамдош
Чӏагӏдардош
Ардамдешнийн эшарш шалхадахарш иштта ду.
I.
Карарчу хенан ардамдешнаш. Шина дешдекъах лаьтташ делахь ардамдош, шина кепара аьтто бу эшарш шалхадаха. Йа йуккъера мукъаза эшар шалхадоккху, йа чеккхенгар «ш» шалхадоккху.
| ардамдош | шалхадалар I | шалхадалар II |
|---|---|---|
олуш |
оллушехь |
олушшехь |
лозуш |
лоззушехь |
лозушшехь |
хезаш |
хеззашехь |
хезашшехь |
хьожуш |
хьожжушехь |
хьожушшехь |
II.
Йаханчу хенан ардамдешнаш. Шина дешдекъах лаьтташ делахь ардамдош, шина кепара аьтто бу эшарш шалхадаха. Йа йуккъера мукъаза эшар шалхадоккху, йа чеккхенгар «ш» шалхадоккху.
| ардамдош | шалхадалар I | шалхадалар II |
|---|---|---|
диъна |
диъънашехь |
диънашшехь |
деъна |
деъънашехь |
деънашшехь |
дисна |
дисснашехь |
диснашшехь |
лезна |
леззнашехь |
лезнашшехь |
тийна |
тийннашехь |
тийнашшехь |
хезна |
хеззнашехь |
хезнашшехь |
хьаьжна |
хьаьжжнашехь |
хьаьжнашшехь |
III.
Ардамдош цхьана дешдекъах бен лаьтташ дацахь, цхьа кеп бен хуьлийла дац. Иза чеккхенгара «ш» шалха а доккхуш кхоллало.
| ардамдош | шалхадалар |
|---|---|
гӏуш |
гӏушшехь |
леш |
лешшехь |
луш |
лушшехь |
луьйш |
луьйшшехь |
туьйш |
туьйшшехь |
хьуш |
хьушшехь |
IV.
Йаханчу хенан ардамдешнаш кхуллу «на» йуккъера «н» цунна хьалхарчу мукъазчу эшарх тӏатарделлехь, тӏаккха а цхьа кеп бен хуьлийла дац. Хӏунда аьлча дӏатардаларца хьалхара мукъаза йиш хӏинцале шалхадаьлла долу дела.
| ардамдош | шалхадалар |
|---|---|
аьлла |
аьллашшехь |
деккъа |
деккъашшехь |
делла |
деллашшехь |
дисса |
диссашшехь |
дуьзза |
дуьззашшехь |
лехха |
леххашшехь |
хезза |
хеззашшехь |
V.
Карарчу хенан ардамдешнийн «ъ» шалхадоккхуш цхьозза бен дилла ца оьшу, хӏунда аьлча цхьаъ бен доцуш хенахь, и дуьллуш да а доцу дела: ху(ъ)уш, кхо(ъ)ош. Къовларш йуккъехь долу «ъ» дуьллуш дац, ткъа и диллича, и шалхадалар санна лору. Хӏара санна долу дешнашкахь иштта диллар нийса хир дац: хуъъушехь. Кхузахь кхо «ъ» долуш санна хуьлу.
| ардамдош | шалхадалар I | шалхадалар II |
|---|---|---|
кхоош |
кхоъошехь |
кхоошшехь |
хууш |
хуъушехь |
хуушшехь |