дагардош: декъаран кеп
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Дагардош: декъаран кеп

Арахецна де 01.06.2025

Асланбек Йесера

Декъаран дагардош нийса диллар.

Дагардош

Декъаркеп

I.

Дагардешнийн «цхьаъ», «шиъ», «кхоъ», «пхиъ», «ткъа» декъаран кепийн нийса дахкарш иштта ду:

дагар декъар

1

цхьацца

2

шишша

3

кхоккха

5

пхиппа

20

ткъаттӏа

II.

Дагардешнийн «цам», «диъ», «йалх», «ворхӏ», «бархӏ», «исс», «итт», «бӏе» декъаран кепийн нийса дахкарш иштта ду:

дагар декъар

0

цам-цам

4

диъ-диъ

6

йалх-йалх

7

ворхӏ-ворхӏ

8

бархӏ-бархӏ

9

исс-исс

10

итт-итт

100

бӏе-бӏе

III.

«Цхьайттанна» тӏера «ткъоьсна» тӏекхаччалц долчерий, йуха «ткъанний», «атбахьаний» декъаран кепаш нийса иштта йохку:

дагар декъар

11

цхьайт-цхьайтта

12

шийт-шийтта

13

кхойт-кхойтта

14

дейт-дейтта

15

пхийт-пхийтта

16

йал-йалхитта

17

вуьр-вуьрхӏитта

18

бер-берхӏитта

19

ткъоьс-ткъоьсна

40

шов-шовзткъа

60

кхуз-кхузткъа

80

доьз-доьзтка

1000

ат-атбахь

IV.

Чолха дагардешнийн декъаран кепаш иштта йохку:

дагар декъар

21

ткъе цхьацца

31

ткъе цхьайт-цхьайтта

36

ткъе йал-йалхийтта

39

ткъе ткъоьс-ткъоьсна

41

шовзткъе цхьацца

51

шовзткъе цхьайт-цхьайтта

56

шовзткъе йал-йалхитта

59

шовзткъе ткъоьс-ткъоьсна

61

кхузткъе цхьацца

71

кхузткъе цхьайт-цхьайтта

76

кхузткъе йал-йалхитта

79

кхузткъе ткъоьс-ткъоьсна

81

доьзткъе цхьацца

91

доьзткъе цхьайт-цхьайтта

96

доьзткъе йал-йалхитта

99

доьзткъе ткъоьс-ткъоьсна

200

ши бӏе-бӏе

280

ши бӏе доьз-доьзткъа

Тӏеалар: цам, атбахь ас бацойн гараматтара схьаэцна ду. Бацойн маттахь цом 'ничто' (< цо 'не' + м), итт бахь 'тисяча' бохург ду.

Title

My message to you!