дагардош: «цхьаъ» легор
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Дагардош: «цхьаъ» легор

Арахецна де 01.06.2025

Асланбек Йесера

«Цхьаъ» нийса легор.

Дагардош

«цхьаъ»

Кхузахь «цхьаъ» легош цунний, дожаран чеккхенний йукъа «нн» дилла. Хьалхара «а» хийца а делла, «аь»-не дерзахь йа лург дожарехь, «н» бен ма дилла йуккъе. Нийса легар иштта ду:

дожар легар

цӏераниг

цхьаъ

доланиг

цхьаннан

лург

цхьанна

дийриг

цхьамма, цхьаммо, цхьанно

коьчалниг

цхьаьнца

цхьаьнадерг

цхьаьнцара

хотталург

цхьаннах

куьцаниг

цхьаннаха

меттигниг

цхьаьнга

доллург

цхьаьнгахь

долург

цхьаьнгара

хадорг

цхьаьнгахула

агӏонниг

цхьаьнгахьа

агӏорниг

цхьаьнгахьара

агӏохадорг

цхьаьнгахьахула

дозаниг

цхьаьнгац

дустург

цхьаннал

саннарг

цхьанналла

тӏедолург

цхьана

тӏехьдерг

цхьанахь

тӏерадуссург

цхьанара

йуккъедолург

цхьаннала

йуккъехьдерг

цхьанналахь

йуккъерниг

цхьанналара

доцург

цхьаьнза

йуккъердоцург

цхьаьнзара

тӏеалар: дийриг дожарехь кхо кеп хилар тидаме лаца: цхьамма, цхьаммо, цхьанно. Кхин а тидам бен «нн» хийца а делла, «мм»-не дирзина хилар.

Title

My message to you!