Мухалдош
Цалегарш
Мухалдош цӏерниг дожар хьалха хийца а ца луш хӏутту, ткъа кхидолу дожарш хьалаха – лач дожарш – тӏехьа "-чу" тӏе а кхетий дӏахӏутту.
| цӏераниг | лач |
|---|---|
хаза йоӏ |
хазачу йоьӏан |
дика кӏант |
дикачу кӏантана |
вон некъ |
вочу некъахь |
деха дешар |
дехачу дешарх |
шийла хи |
шийлачу хица |
Цхьаццадолу мухалдешнаш хийца ца луш хуьлу.
I.
Хӏара дешнаш дагахьӏамаде:
| цӏераниг | лач |
|---|---|
раз куьг |
раз куьйгаца |
пурх зил |
пурх зилца |
лач дожар |
лач дожарехь |
перс зил |
перс зилца |
деакӏов гӏант |
деакӏов гӏантах |
харц лер |
харц лерца |
сов хӏума |
сов хӏуманца |
II.
Доланиг дожарх схьадевлла мухалдешнаш:
| цӏераниг | лач |
|---|---|
ненан дог |
ненан даго |
кӏентан куьг |
кӏентан куьйгаца |
ден декхар |
ден декхарна |
йоьӏан безам |
йоьӏан безамах |