мухалдош: дукхаллин кеп
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Мухалдош: дукхаллин кеп

Арахецна де 02.04.2025

Асланбек Йесера

Цхьацца долу мухалдешнийн дукхаллин кеп хуьлу.

Мухалдош

Дукхаллин Кеп

Нохчийн маттахь мухалдешнийн дукхаллин кеп цхьацца долу дешнашкахь а бен ца хуьлу. Чеккхенгара дешарехь охьадужу доца «а» дӏа а долий, тӏехьа «ий» тӏекхетарца кхоллало дукхаллин кеп. Йуха кхин а бухара мукъа йиш (а, и, о, ...) хийца а делла «а»-не дерза а тарло, массо а дешан иштта хийцадалар дагахь ӏамо деза. Хӏара дешнаш хьайна дагахь ӏамаде:

цхьаъ дукха

гома

гомий

горга

горгий

готта

гаттий

доккха

даккхий

доца

доций

дуткъа

дуткъий

жима

кегий

онда

андий

стомма

стаммий

Title

My message to you!