мухалдош: дустаран дешчеккхе
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Мухалдош: дустаран дешчеккхе

Арахецна де 01.06.2025

Асланбек Йесера

Дустаран дешчеккхе нийса йиллар.

Мухалдош

Дустаран Чеккхе

Мухалдешнийн дустаран дешчеккхе «о» йа «хо» йу.

I.

Дешан шиъ йа сов дешдакъа делахь, тӏехьара дешарехь охьадужу «а» дӏа а доккхуш «о» тӏетоха:

дош дустар

нийса

нийсо

хаза

хазо

дика

дико

чехка

чехко

меца

мецо

II.

Дешан цхьа дешдакъа бен дацахь, тӏехьара «н» дӏа а доккхуш «хо» тӏетоха:

дош дустар

кӏон

кӏохо

цӏен

цӏехо

кӏайн

кӏайхо

Title

My message to you!