Мухалдош
Цадоьшу «а»
Мухалдешнийн чеккхенгахь доца «а» хуьлу, иза дукха хьолехь дешарехь охьадожадеш ду. Цуьнан нийса диллар иштта ду:
I.
Дешан шиъ йа кӏезиго дешдакъа бен дацахь, шорлуш хенахь «а» дуьллуш ду.
| ша | шорделча |
|---|---|
дика |
дикачу |
нийса |
нийсачу |
деха |
дехачу |
жима |
жимачу |
доца |
доцачу |
II.
Дешан кхоъ йа цул сов дешдакъа делахь, шорлуш «а» дуьллуш дац:
| ша | шорделча |
|---|---|
ломара |
ломарчу |
таханлера |
таханлерчу |
таханалера |
таханалерниг |
безамера |
безамерчу |
мацахлера |
мацахлерчу |