Мерала Н
Мукъа йиш мерала хилар гойтуш цунна тӏехьа н дуьллу.
I.
Хандешан цхьа дешдакъа бен дацахь, тӏехьа н дилла. Хандош тӏехьа дешдакъош тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, н охьадожаде; хьалха тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, н дилла.
дош | хьалха | тӏехьа |
---|---|---|
дан |
хьаладан |
дадала |
тан |
дӏатан |
тадала |
хьен |
дӏахьен |
хьедала |
ган |
дӏаган |
гадала |
II.
Мухалдешан цхьа дешдакъа бен дацахь, тӏехьа н дилла. Мухалдош тӏехьа дешдакъош тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, н охьадожаде; хьалха тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, н дилла.
дош | хьалха | тӏехьа |
---|---|---|
кӏон |
чамкӏон |
кӏочу |
цӏен |
босцӏен |
цӏечу |
кӏайн |
боскӏайн |
кӏайчу |
бен |
III.
Хандеша карарчу хенахь диллина цхьа дешдакъа бен дацахь (чеккхенгахь [i̯e] йа [u̯o] долуш), цунах схьадаьлла ардамдаш тӏехьа н дилла. Ардамдош тӏехьа дешдакъош тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, н охьадожаде; хьалха тӏе а кхеташ шорлуш хилахь, н дилла.
дош | хьалха | тӏехьа |
---|---|---|
гӏун |
дӏагӏун |
гӏучу |
хьун |
дӏахьун |
хьучу |
гун |
дӏагун |
гучу |
ден |
хьаладен |
дечу |
лен |
лечу |
|
лун |
дӏалун |
лучу |
IV.
Доланиг дожаран чаккхенашкахь: -н, -ан, -ин, -ун, -ен.
дош | хьалха | тӏехьа |
---|---|---|
ден |
мехкден |
дечух |
ненан |
неначух |
|
кӏентан |
кӏентачух |
|
белхалочун |
белхалочалла |
|
къонахчун |
къонахчалла |
|
воккхахчун |
воккхахчалла |
Тӏеалар: Йуккъе дакъалг хӏоттарца шорделла дош декъалахь, охьадожийна долу н йуханехьа дуьллуш дац.
дош | декъар |
---|---|
дадала |
да ца дала |
тадала |
та ца дала |
хьедала |
хье ца дала |
ледан |
ле ца дан |