Абанаш
Шалханаш
Нохчийн маттахь масийтта шалха аба ду. Цхьалханаш «гӏ», «кх», «хь», «хӏ», йуха логанаш «кӏ», «къ», «пӏ», «тӏ», «цӏ», «чӏ».
I.
Цхьатера шиъ ул-уллехь нислахь, хьалхарчун шолгӏа аба ма дилла: «ккх», «ггӏ», «ххь», «ххӏ», «ккӏ», «ккъ», «ппӏ», «ттӏ», «ццӏ», «ччӏ».
| дош |
|---|
доккха |
даккха |
воггӏушехь |
ваггӏана |
баххьаш |
йаххьаш |
лачкъа |
деккъа |
даьттӏа |
II.
Цхьатера шиъ ул-уллехь нислахь, ткъа цу шинна йуккъахь хьаькхна зил белахь, ший а дуьззина дилла: «гӏ-гӏ», «кх-кх», «хь-хь», «хӏ-хӏ», «кӏ-кӏ», «къ-къ», «пӏ-пӏ», «тӏ-тӏ», «цӏ-цӏ» и. дӏ. кх.
| дош |
|---|
охӏ-хӏ |
охӏ-хӏай |
III.
Цхьатера доцу шиъ ул-уллехь нислахь, ший а дуьззина дилла: «гӏкх», «гӏхь», «гӏхӏ», «кхгӏ», «кххь», «кххӏ», «хьгӏ», «хькх», «хьхӏ», «хӏгӏ», «хӏкх», «хӏхь», «гӏкӏ», «кхпӏ», «хькъ», «хӏцӏ», «кӏгӏ», «пӏкх», «къхь», «цӏхӏ» и. дӏ. кх.
| дош |
|---|
йуьхькӏеда |
йуьхьчӏогӏа |
букъчӏогӏа |
букъгӏийла |
дегӏкӏеда |
дегӏчӏогӏа |
IV.
Логаниг кхоъ ул-уллехь нислахь, тӏаьххьарниг дуьззина дилла. Хьалхара шиннан, хьалхара аба бен ма дилла: «чккъ», «тккъ», «пккъ», «цккъ», «чккӏ», «тккӏ», «пккӏ», «цккӏ» и. дӏ. кх.
| дош |
|---|
лечккъашехь |
лечккъина |
летккъашехь |
летккъина |
ӏаьтккъашехь |
ӏаьтккъина |