Абанаш
«ь», «ъ»
Мукъаза эшар (б, г, гӏ, д, ж, з, ...) тӏехьа мукъа йиш (а, о, у, ...) хӏоьттича, и шиъ вовше дӏа а элой, дешдакъа кхоллало. И шиъ вовше дӏауьйш дацахь, цу шинна йуккъа «ъ» дилла.
| эделла | э ца делла |
|---|---|
аййан |
айъа |
аййо |
ойъу |
аййи |
айъи |
аййина |
айъина |
аййора |
ойъура |
аййер |
ойъур |
Тӏеалар: «к» тӏехьа мукъа йиш нислахь, и шиъ э ца далийта, «ь» дилла цу шинна йукъа. Кхузахь «ъ» диллахь, шалха аба «къ» кхоллалур ду.