хандош: ихна хан
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Хандош: ихна хан

Арахецна де 31.10.2025

Асланбек Йесера

Ихна хан нийса кхоллар.

Хандош

Ихна хан

I.

Карарчу ханна тӏехьа «ра» тӏе а тухий, кхулла ихна хан.

хеназниг карарниг ихнарг

ала

олу

олура

дан

догӏу

догӏура

деха

доьху

доьхура

дийца

дуьйцу

дуьйцура

ӏама

ӏема

ӏемара

II.

Чеккхенгахь доца «е» йа «о» делахь, иза «ра» тӏетӏухуш дахдан деза.

хеназниг карарниг ихнарг IPA

дала

ле

лера

[liːə̯r]

дан

до

дора

[duːə̯r]

тадан

тадо

тадора

[taːduːə̯r]

хаздан

хаздо

хаздора

[xəzduːə̯r]

шардала

шарло

шарлора

[ʃʌrluːə̯r]

шардан

шардо

шардора

[ʃʌrduːə̯r]

Title

My message to you!