хандош: йахана йаьлла хан
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Хандош: йахана йаьлла хан

Арахецна де 30.10.2025

Асланбек Йесера

Йахана йаьлла хан нийса кхоллар.

Хандош

Йахана йаьлла хан

Тӏехьа чеккхе «на» тӏе а тухий кхуллу йахана йаьлла хан. Кхузахь цхьацца бакъенаш йу, йуха хийцамаш а бу чулара безаш.

I.

Хӏинцца йахана ханна йеккъа чеккхе «на» тӏетуху. Хӏокхарна йукъадогӏу:

  1. Цхьана дешдекъах лаьттарш: дан, тан.
  2. Йукккъахь ши мукъаза йиш ул-уллехь лаьттарш: хьаста, лахка, лачкъа.
  3. Чеккхенгахь «о» дерш: хьасто, лазо, дакъо.
  4. Йуккъахь шалха мукъа йиш «ов» дерш: хьовза, ловза, товжа.
  5. Цхьаццадолу йуккъахь деха мукъа йиш дерш: дуса, дийца, ӏама, ӏана, лера, лара.
  6. Цхьаццадолу нийсадоцурш: дан (кар. хан догӏу), дан (кар. хан дахьа)
хеназниг хӏинцца йаханарг йахана йаьлларг

дан

ди

дина

дан

дай

дайна

дан

дай

дайна

дан

деа

деана

дан

деа

деана

ден

дий

дийна

дийца

дийци

дийцина

дуса

дуьйси

дуьсина

лара

лери

лерина

лера

лийри

лийрина

тан

тай

тайна

хьаста

хьаьсти

хьаьстина

хьасто

хьастий

хьастийна

хьовза

хьаьвзи

хьаьвзина

ӏама

ӏеми

ӏемина

ӏана

ӏени

ӏенина

ӏаткъа

ӏаьткъи

ӏаьткъина

II.

Кхидолу дешнийн йахана йаьлла хан тӏехьара «и» йа цкъацца «а» дӏа а доккхий, чеккхе «на» тӏе а тухий кхуллу. Тӏехьа «на» тӏетухуш, хӏинцца йаханчу хенан йуккъера мукъа йиш цкъацца хийцало. Церан хийцадаларан бакъенаш хӏорш йу:

  1. Деха «э»/«е» делахь йуккъехь, иза «аь»-не доьрзу: эли > аьлла, деги > даьгна.
  2. Деха «ий» делахь йуккъехь, иза «иэ»/«ие»-не доьрзу: ийтӏи > эттӏа, дийкъи > декъна.
хеназниг хӏинцца йаханарг йахана йаьлларг

даа

дии

диъна

дага

деги

даьгна

дагӏа

дегӏи

даьгӏна

даха

даха

дахна

дахьа

дихьи

дихьна

даца

деци

даьцна

дача

дечи

даьчна

даша

деши

дешна

даӏа

даьӏи

даьӏна

дека

дийки

декна

декъа

дийкъи

декъна

дуза

дуьзи

дуьзна

лекха

лийкхи

лекхна

лепа

лийпи

лепна

таба

теби

тебна

таса

теси

тесна

хьажа

хьаьжи

хьаьжна

хаза

хези

хезна

ӏаба

ӏеби

ӏаьбна

ӏаӏа

ӏаьӏи

ӏаьӏна

ӏеха

ӏийхи

ӏехна

III.

Хандашна йуккъахь хӏокхарах «д» «л» «т» «тӏ» цхьаъ делахь, чеккхенгара «на» йуккъара «н» цунах дӏатарло. И дӏатардалар сола хӏун ду аьлча, церан багахь схьадалар дукха ул-уллехь долу дела, цу шиннан тӏаьхьий, хьалхий алар хала хуьлу дела. Чеккхенгара «и» охьадоьжна дешнашкахь бен хуьлуш дац хӏара дӏатардалар.

хеназниг хӏинцца йаханарг йахана йаьлларг

дада

деди

дедда

дала

дели

делла

датӏа

детӏи

даьттӏа

лата

лети

летта

IV.

Нохчойн бистхуьлуш чеккхенгарчу «на»-ин йуккъара «н» кхечу дешнашкахь а, цунна хьалхарчу, мукъазчу эшарх дӏатардан буьйлубелла. Кхузахь ший а кеп йилла мегаш ду. Кхузахь а чеккхенгара «и» охьадоьжна дешнашкахь бен хуьлуш дац хӏара дӏатардалар.

хеназниг кеп I кеп II

даа

диъа

диъна

дага

даьгга

даьгна

дагӏа

даьггӏа

даьгӏна

даха

дахха

дахна

дахьа

диххьа

дихьна

даца

даьцца

даьцна

дача

даьчча

даьчна

даша

дешша

дешна

даӏа

даьӏӏа

даьӏна

дека

декка

декна

декъа

деккъа

декъна

дуза

дуьзза

дуьзна

лекха

леккха

лекхна

лепа

леппа

лепна

таба

тебба

тебна

таса

тесса

тесна

хьажа

хьаьжжа

хьаьжна

хаза

хезза

хезна

ӏаба

ӏаьбба

ӏаьбна

ӏаӏа

ӏаьӏӏа

ӏаьӏна

ӏеха

ӏехха

ӏехна

Title

My message to you!