Хандош
Чеккхе «а»
I.
Карарчу хенахь хьалхарчу дешдекъехь балдийн йиш дацахь – аь, аьв, ев, е, ие, и, ий – чеккхенгахь «а» дилла деза.
| хеназниг | карарниг | IPA |
|---|---|---|
даха |
деха |
[deːx] |
деба |
деба |
[diːə̯b] |
лега |
лега |
[liːə̯g] |
эга |
эга |
[iːə̯g] |
II.
Хандешан чеккхенгахь «оа» делахь а, йуьллу кхин а карарчу хенахь чеккхе «а». Кхузахь карарчу хенахь хьалхарчу дешадекъахь балдийн йиш делахь а, хӏумма а дац.
| хеназниг | карарниг | IPA |
|---|---|---|
тоа |
тоьа |
[tø̯ɐʔ] |
хоа |
хоьа |
[xø̯ɐʔ] |
Чеккхе «у»
Карарчу хенахь хьалхарчу дешдекъехь балдийн йиш делахь – о, оь, у, уь, уьй, ов, ой – чеккхенгахь «у» дилла деза.
| хеназниг | карарниг | IPA |
|---|---|---|
гайта |
гойту |
[goi̯t] |
деша |
доьшу |
[dyːə̯ʃ] |
дига |
дуьгу |
[dyg] |
лаха |
лоху |
[lox] |
лийча |
луьйчу |
[lyːt͡ʃ] |
товжа |
товжу |
[tou̯ʒ] |
хьажа |
хьожу |
[ħoʒ] |
хьаста |
хьосту |
[ħu̯ɐst] |
Чеккхе «о»
Цхьана дешдекъах лаьтта, чеккхенгахь «ан» долчу хандешнашкахь, карарчу хенахь чеккхе «о» йуьллу.
| хеназниг | карарниг | IPA |
|---|---|---|
ган |
го |
[gu̯o] |
дан |
до |
[du̯o] |
Чеккхе «ов»
Цхьана дешдекъах лаьтта, чеккхенгахь деха «ан» долчу хандешнашкахь, карарчу хенахь чеккхе «ов» йуьллу.
| хеназниг | карарниг | IPA |
|---|---|---|
лан |
лов |
[lou̯] |
тан |
тов |
[tou̯] |
Чеккхе «оь» йа «уьй»
Цхьана дешдекъах лаьтта, чеккхенгахь «эн» йа «ен» долчу хандешнашкахь, карарчу хенахь чеккхе «оь» йа «уьй» йуьллу. Кхузахь ши кеп йу.
| хеназниг | карарниг | IPA |
|---|---|---|
лен |
лоь/луьй |
[lyːə̯]/[lyː] |
тен |
тоь/туьй |
[tyːə̯]/[tyː] |
Нийсадоцурш
Цхьаццадолу хандешнаш цхьа а бакъенаш ларош ца хуьлу. Церан шайн кепара ханхийцар хуьлу. Хӏорш дагахь ӏамаде.
| хеназниг | карарниг | IPA |
|---|---|---|
дала |
ло |
[lu̯o] |
дан |
догӏу |
[doːɣ] |
дан |
дохьу |
[doħ] |
даха |
доьду |
[dyːə̯d] |
дахьа |
хьо |
[ħu̯o] |
ӏан |
ӏа |
[ʡʌ] |
ӏен |
ӏа |
[ʡʌ] |