Хандош
Чеккхенаш
I.
Цхьана дешдекъах лаьтта, чеккхенгахь деха мера «ие» долу дешнийн, йуха чеккхенгахь деха «уо» долу дешнийн хӏиннца йахана хан кхуллуш, тӏехьа «ий» тӏетоха.
| хандош | хӏинцца йаханарг |
|---|---|
лен |
лий |
хьасто |
хьастий |
II.
Цхьана дешдекъах лаьтта, чеккхенгахь деха мера «а» делахь, и дац а деш тӏехьа «й» тӏетоха.
| хандош | хӏинцца йаханарг |
|---|---|
лан |
лай |
III.
Кхечанхьа тӏехьа «и» дилла. Чеккхе «и» тӏетухуш, хандашна йуккъарчу, мукъачу эшарна цо тӏеӏаткъам бой, шен мухалле дерзадо. Цу тӏеӏаткъаман бакъенаш хӏорш йу:
- Доца «а» делахь, иза доцачу «е»-не доьрзу: лаха > лехи.
- Доца «а» делахь, ткъа цунна хьалха йа тӏехьа «хь» йа «ӏ» делахь, иза «аь»-не доьрзу: хьажа > хьаьжи, ӏаха > ӏаьхи, даӏа > даьӏи, дахьа > даьхьи.
- Ах деха «а» делахь, ткъа хандашна йуккъахь ши мукъаза йиш делахь, иза «аь»-не доьрзу: даста> даьсти.
- Деха «а» делахь, иза дехачу «е»-не доьрзу: ала > эли.
- Доца «иэ»/«ие» делахь, иза доцачу «и»-не доьрзу: эха > ихи, дерза > дирзи.
- Деха «иэ»/«ие» делахь, иза дехачу «ий»-не доьрзу: эгӏа > ийгӏи, деша > дийши.
- Доца «и» делахь, ша ма-дду дуьсу: дига > диги.
- Деха «ий» делахь, ша ма-дду дуьсу: дийца > дийци.
- Доца «у» делахь, иза доцачу «уь»-не доьрзу: дуза > дуьзи.
- Деха «у» делахь, иза дехачу «уьй»-не доьрзу: дуса > дуьйси.
- Деха «уо» делахь, иза дехачу «уьй»-не доьрзу: тоха > туьйхи.
| хандош | хӏинцца йаханарг |
|---|---|
ала |
эли |
дан |
ди |
даста |
даьсти |
дахьа |
даьхьи |
даӏа |
даьӏи |
дерза |
дирзи |
деша |
дийши |
дига |
диги |
дийца |
дийци |
дуза |
дуьзи |
дуса |
дуьйси |
лаха |
лехи |
тоха |
туьйхи |
хьажа |
хьаьжи |
хьаста |
хьаьсти |
эгӏа |
ийгӏи |
эха |
ихи |
ӏаха |
ӏаьхи |
Нийсадоцурш
Цхьаццадерш цхьа а бакъенаш ца ларош, шайн кепара хийцало.
| хандош | карарниг | хӏинцца йаханарг |
|---|---|---|
дан |
догӏу |
деа |
даха |
доьду |
даха |
дан |
дохьу |
деа |