цӏердош: дагарден «й», «ий» диллар
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Цӏердош: дагарден «й», «ий» диллар

Арахецна де 02.04.2025

Асланбек Йесера

Дагардеш тӏехьа дуьллу «ий», «й» нийса диллар.

Цӏердош

Дагарден «й», «ий»

I.

Чеккхенгахь мукъаза йиш (б, г, гӏ, д, ж, ...) делахь, и шалха а доккхуш, тӏехьа «ий» тӏетоха: хан, стаг, бун, бух, наб, гӏан.

дагардар

ханний, стаггий, ...

бунний, буххий, ...

наббий, гӏанний, ...

II.

Чеккхенгахь деха «а», «и», доца йа деха «у» делахь, тӏехьа «й» тӏетоха. Деха «а» ах деха деша [ʌ], деха «у» доца деша, чеккхенгахь дерг «й» делахь, тӏе кхин а тидам бохуьйтуш деша.

дагардар

аьрзуй, бумбарий, ...

аьттуй, аьрруй, ...

нохчий, гӏалгӏай, ...

ламий, галий, ...

III.

Чеккхенгахь дешарехь охьадужу, доца «а» делахь, и дӏа а даккхий, тӏехьа «ий» тӏетоха: ага, маьнга, баба, дада.

дагардар

агий, маьнгий, ...

бабий, дадий, ...

IV.

Чеккхенгахь «ъ» делахь, тӏехьа «ий» тӏетоха.

дагардар

кхаъий, хӏоъий, ...

Title

My message to you!