Цӏердош
Дукхаллин Дагар
Дукхаллин дагар кхуллуш «ш», «аш» йа «еш» дуьллу.
I.
Шиъ йа сов дешдакъа долчу, чеккхенгахь «л» йа «р» долчу дешнашкахь «ш» дуьллу, тӏаьххьарчу дешдекъехь доца [ə] хезаш делахь.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
дийцар |
дийцарш |
алар |
аларш |
басар |
басарш |
II.
Дукхаллин дагар кхоллуш йуккъе «ар» хӏуттуш делахь, «ш» дуьллу.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
гӏум |
гӏамарш |
диг |
дагарш |
тӏум |
тӏамарш |
III.
Шиъ йа сов дешдакъа долчу дешан дукхаллин дагар кхоллуш йуккъе «р» хӏуттуш делахь, «ш» дуьллу.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
доьхка |
доьхкарш |
кхоза |
кхозарш |
IV.
Дукхаллин дагар кхоллуш йуккъе «м» йа «н» хӏуттуш делахь, «аш» дуьллу.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
кач |
кочмаш |
лаг |
лагнаш |
хьаж |
хьаьжнаш |
V.
Цхьа дешдакъа долчу дешан дукхаллин дагар кхоллуш йуккъе «р» хӏуттуш делахь, «аш» дуьллу.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
нуй |
нораш |
цӏе |
цӏераш |
VI.
Шиъ йа сов дешдекъах лаьттачу, чеккхенгахь «и» долчу дешан «и» охьа а дожадой, «еш» дуьллу.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
гали |
галеш |
лами |
ламеш |
VII.
Цхьа дешдекъах лаьттачу, чеккхенгахь «и» долчу дашна «ш» тӏетуху.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
хи |
хиш |
VIII.
Кхечанхьа «аш» дуьллу.
| цхьаъ | дукха |
|---|---|
гӏан |
гӏенаш |
лаг |
легаш |
тӏам |
тӏемаш |