Цӏердош - дукхаллин кепаш легор

Арахаьцна де 04.04.2025

Асланбек Йесера

Дукхаллин кепаш нийса легор.

I. Чеккхенгахь "-аш" делахь, ишта легайо дукхаллин кеп:

дожар дош IPA

цӏерниг

месаш

[mesʃ]

доланиг

месийн

[mesĩː]

лург

месашна

[mesʃn]

дийриг

месаша

[mesʃ]

коьчалниг

месашца

[mesʃt͡s]

хотталург

месех

[mesi̯ɐx]

меттигниг

месашка

[mesʃk]

дустург

месел

[mesi̯ɐl]

II. Чеккхенгахь "-еш" делахь, легар ишта ду:

дожар цхьаъ IPA дукха IPA

цӏерниг

илли

[illi]

иллеш

[illi̯ɐʃ]

доланиг

иллин

[illĩ]

иллийн

[illĩː]

лург

иллина

[illin]

иллешна

[illi̯ɐʃn]

дийриг

иллино

[illinuːə̯]

иллеша

[illiːə̯ʃ]

коьчалниг

иллица

[illit͡s]

иллешца

[illi̯ɐʃt͡s]

хотталург

иллех

[illi̯ɐx]

иллех

[illi̯ɐx]

меттигниг

иллига

[illig]

иллешка

[illi̯ɐʃk]

дустург

иллел

[illi̯ɐl]

иллел

[illi̯ɐl]

Кхузахь тидамбе хотталурггий, дустурггий дожарш цхьаллин а, дукхаллин кепехь цхьатера хилар. Хьалха цхьаллин кепаш ишта йар: иллих, иллил.

III. Чеккхенгахь "-ий" йа "-й" долу дешнийн легар ишта ду:

дожар дош IPA

цӏерниг

черчий

[t͡ʃert͡ʃiː]

доланиг

черчийн

[t͡ʃert͡ʃĩː]

лург

черчашна

[t͡ʃert͡ʃəʃn]

дийриг

черчаша

[t͡ʃert͡ʃəʃ]

коьчалниг

черчашца

[t͡ʃert͡ʃəʃt͡s]

хотталург

черчех

[t͡ʃert͡ʃi̯ɐx]

меттигниг

черчашка

[t͡ʃert͡ʃəʃk]

дустург

черчел

[t͡ʃert͡ʃi̯ɐl]

дожар дош IPA

цӏерниг

наной

[naːnu̯ɐi̯]

доланиг

нанойн

[naːnu̯ɐ̃i̯]

лург

наношна

[naːnu̯ɐʃn]

дийриг

наноша

[naːnuːə̯ʃ]

коьчалниг

наношца

[naːnu̯ɐʃt͡s]

хотталург

нанойх

[naːnu̯ɐi̯x]

меттигниг

наношка

[naːnuːə̯ʃk]

дустург

нанойл

[naːnu̯ɐi̯l]

Кхузахь "-ий" йа "-й" дӏа а доккхий, дожаран чеккхе тӏетуху. Тидамбе "-й"-на хьалха дерг мукъа йиш "о" делахь, доланиггий, хотталурггий, дустурггий дожаршкахь "-й" дӏа ца доккху.

дожар дош IPA

цӏерниг

белхалой

[belxlu̯ɐi̯]

доланиг

белхалойн

[belxlu̯ɐ̃i̯]

лург

белхалошна

[belxlu̯ɐʃn]

дийриг

белхалоша

[belxluːə̯ʃ]

коьчалниг

белхалошца

[belxlu̯ɐʃt͡s]

хотталург

белхалойх

[belxlu̯ɐi̯x]

меттигниг

белхалошка

[belxluːə̯ʃk]

дустург

белхалойл

[belxlu̯ɐi̯l]

IV. Чеккхенгахь "-й" делахь, и дӏадаьккхича кхин дукхаллин кеп йевзара йацахь, "-й" дӏа ца доккху.

дожар дош IPA

цӏерниг

дай

[dəi̯]

доланиг

дайн

[də̃i̯]

лург

дайшна

[dəi̯ʃn]

дийриг

дайша

[dəi̯ʃ]

коьчалниг

дайшца

[dəi̯ʃt͡s]

хотталург

дайх

[dəi̯ʃx]

меттигниг

дайшка

[dəi̯ʃk]

дустург

дайл

[dəi̯l]

Title

My message to you!