цӏердош: чеккхенгахь «ие» йа «уо» дерш легор
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Цӏердош: чеккхенгахь «ие» йа «уо» дерш легор

Арахецна де 31.03.2025

Асланбек Йесера

Чеккхенгахь «ие» йа «уо» делахь, йуккъе «н» дуьллуш тӏетоха дожаран чеккхе.

Цӏердош

Чеккхе «е», «о»

Цхьацца дешнаш нохчийн маттахь чеккхенгахь «е» [iːə̯] йа «о» [uːə̯] долуш хуьлу. Уьш легош дашний, дожаран чеккхенний йукъа «н» дилла деза.

дожар дош IPA

цӏерниг

бӏаьсте

[bˁi̯ɐstiːə̯]

доланиг

бӏаьстенан

[bˁi̯ɐstiːə̯n]

лург

бӏаьстенна

[bˁi̯ɐsti̯ɐnː]

дийриг

бӏаьстено

[bˁi̯ɐstiːə̯nuːə̯]

коьчалниг

бӏаьстенца

[bˁi̯ɐsti̯ɐnt͡s]

хотталург

бӏаьстенах

[bˁi̯ɐstiːə̯nəx]

меттигниг

бӏаьстенга

[bˁi̯ɐsti̯ɐng]

дустург

бӏаьстенал

[bˁi̯ɐstiːə̯nəl]

дожар дош IPA

цӏерниг

хало

[xəluːə̯]

доланиг

халонан

[xəluːə̯n]

лург

халонна

[xəlu̯ɐnː]

дийриг

халоно

[xəluːə̯nuːə̯]

коьчалниг

халонца

[xəlu̯ɐnt͡s]

хотталург

халонах

[xəluːə̯nəx]

меттигниг

халонга

[xəlu̯ɐng]

дустург

халонал

[xəluːə̯nəl]

Title

My message to you!