цӏердош: чеккхенгахь «и» йа «у» дерш легор
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Цӏердош: чеккхенгахь «и» йа «у» дерш легор

Арахецна де 30.03.2025

Асланбек Йесера

Чеккхенгахь «и» йа «у» делахь, дожаран чеккхе йеккъа тӏетоха.

Цӏердош

Чеккхе «и», «у»

Нохчийн маттахь чеккхенгахь «и» йа «у» долу дешнаш легор:

I.

Чеккхенгахь «и» делахь, йуха дешан шиъ йа сов дешдакъа а делахь, хотталурггий, дустурггий дожаршкахь «и» охьа а дожадей, «ех», «ел» тӏетоха.

дожар дош

цӏераниг

лами

доланиг

ламин

лург

ламина

дийриг

ламино

коьчалниг

ламица

хотталург

ламех

меттигниг

ламига

дустург

ламел

III.

Чеккхенгара «у» деха делахь, хотталурггий, дустурггий дожаршкахь доца деша.

дожар дош

цӏерниг

аьрзу

доланиг

аьрзун

лург

аьрзуна

дийриг

аьрзуно

коьчалниг

аьрзуца

хотталург

аьрзух

меттигниг

аьрзуга

дустург

аьрзул

IV.

Чеккхенгахь «и» делахь, йуха дешан цхьа дешдакъа бен дацахь, хотталурггий, дустурггий дожаршкахь «х», «л» тӏехьа тӏетоха.

дожар дош

цӏерниг

хи

доланиг

хин

лург

хина

дийриг

хино

коьчалниг

хица

хотталург

хих

меттигниг

хига

дустург

хил

Title

My message to you!