Дуккха а дешнаш ду чеккхенгахь мукъаза эшар (б, г, гӏ, д, ж, ...) долуш.
I. Ишта дашний, дожаран чаккхенний йукъа доца "а" дилла.
II. Дийриггий, меттигниггий дожаршкахь йеккъа "-о", "-е" тӏетоха.
Тӏеалар: Тидаме лаца бухара мукъаза эшар "о" хийца а делла "оь"-не дирзина хилар: стом > стоьман. Массо а дешан ишта хийцадалар дагахь ӏамо деза.
дожар | дош |
---|---|
цӏерниг |
стом |
доланиг |
стоьман |
лург |
стоьмана |
дийриг |
стоьмо |
коьчалниг |
стоьмаца |
хотталург |
стоьмах |
меттигниг |
стоьме |
дустург |
стоьмал |
III. Чеккхенгахь "-л" йа "-р" делахь, цу шин хьалха долу мукъа эшар (а, и, о, ...) доца а делахь, дешан шиъ йа сов дешдакъа а делахь, йуккъе "а" ца дуьллуш хотталург дожарехь деккъа "-х" тӏетоха.
тӏеалар: "-л"-ний, "-р"-ний хьалахара мукъа йиш деха делахь, йуккъе "а" дилла деза.
дожар | дош |
---|---|
цӏерниг |
алар |
доланиг |
аларан |
лург |
аларна |
дийриг |
аларо |
коьчалниг |
аларца |
хотталург |
аларх |
меттигниг |
аларе |
дустург |
аларал |
дожар | дош |
---|---|
цӏерниг |
божал |
доланиг |
божалан |
лург |
божална |
дийриг |
божало |
коьчалниг |
божалца |
хотталург |
божалх |
меттигниг |
божале |
дустург |
божалал |
IV. Чеккхенгахь мукъаза эшар (б, г, гӏ, д, ж, ...) делахь, цун хьалха долу мукъа эшар (а, и, о, ...) доца а делахь, дешан шиъ йа сов дешдакъа а делахь, йуккъе "а" ца дуьллуш, лурггий, коьчалниггий дожаршкахь деккъа "-на", "-ца" тӏетоха.
тӏеалар: Чеккхенгара мукъаза эшарна хьалахара мукъа йиш деха делахь, йуккъе "а" дилла деза.
дожар | дош |
---|---|
цӏерниг |
ларам |
доланиг |
лараман |
лург |
ларамна |
дийриг |
ларамо |
коьчалниг |
ларамца |
хотталург |
ларамах |
меттигниг |
лараме |
дустург |
ларамал |
IV. Чеккхенгахь "-н" делахь, йуккъе "а" ца дуьллуш, лург дожарехь деккъа "-на" тӏетоха.
тӏеалар: тидаме лаца бухара мукъа эшар хийцадала а тарлуш хилар: бун > буьнна.
дожар | дош |
---|---|
цӏерниг |
гӏан |
доланиг |
гӏенан |
лург |
гӏанна |
дийриг |
гӏено |
коьчалниг |
гӏенаца |
хотталург |
гӏенах |
меттигниг |
гӏене |
дустург |
гӏенал |
V. Чеккхенгахь ши мукъаза эшар "-рг, -лг" делахь, лурггий, коьчалниггий дожаршкахь "-ана", "-аца" тӏетоха, йуккъе "а" дуьллуш.
цӏерниг |
бӏаьрг |
доланиг |
бӏаьрган |
лург |
бӏаьргана |
дийриг |
бӏаьрго |
коьчалниг |
бӏаьргаца |
хотталург |
бӏаьргах |
меттигниг |
бӏаьрге |
дустург |
бӏаьргал |