цӏердош: чеккхенгахь «ъ» дерш легор
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Цӏердош: чеккхенгахь «ъ» дерш легор

Арахецна де 30.03.2025

Асланбек Йесера

Чеккхенгахь «ъ» делахь, и охьа а дожадей, хьайна йеза дожаран чеккхе тӏетоха.

Цӏердош

Чеккхе «ъ»

Нохчийн маттахь цхьацца дешнаш ду шайна тӏехьа «ъ» долуш. Иштта дешнаш легош хенахь, «ъ» дӏа а даьккхина, цултӏаьхьа дожаран чеккхе тӏетоха йеза.

дош

кхаъ

кхоан

кхоана

кхоо

кхоаца

кхоах

кхое

кхоал

Тӏеалар: Тидаме лаца кхузахь «ъ» дӏадаьккхича чекхдолуш цахилар. Кхин а тӏе бухара мукъа йиш «а» хийца а делла «о»-не дирзина хилар. Массо а дешан иштта хийцадалар дагахь ӏамо деза.

Title

My message to you!