баххаш садахар
Марша вогӏийла, хьаша, чувала

Баххаш садахар

Арахецна де 24.07.2025

Асланбек Йесера

Баххаш садахар некъаш.

Баххаш Шордар

Абанаш хийцадалар

Нохчойн маттахь цхьацца абанаш изза дешнашкахь хийца а лой, керла дешнаш кхоллало. Гараметтанийн тӏеӏаткъам хила тарло и. Ас нохчойн маттахь тидам бина иштта хийцадаларш хӏорш ду.

б, в, д, й, л, т, хӏ, ӏ

Мукъа эшарца долалун дашна хьалха хӏуьтту хӏара абанаш б, в, д, й, л, т, хӏ, ӏ.

  • хӏара, гӏал. йара
  • хӏоъ, бац. оъ
  • лега, эга
  • даша, лаша
  • дилла, тилла, ӏилла, гӏал. алла
  • ботта, вотта, дотта, йотта, ӏотта, хӏотта, гӏал. отта, бац. оттан

г, ж, кӏ

  • жима, гам
  • дожа, эга
  • бож, бог, бац. бӏокӏ

г, з

  • бага, база

г, къ

  • гажа, къажа

г, кӏ

  • эга, бац. акӏан
  • дага, бац. акӏан

гӏ, х

  • дагӏа, даха
  • лагӏйан, лахйан
  • хьегӏ, хьех

д, тӏ

  • ӏад, ӏаткъа
  • пӏенда, бац. пӏентӏо
  • седа, гӏал. сеткъа
  • ноткъа, гӏал. нод
  • тӏус, деса

ж, чӏ

  • гӏаж, бац. гӏочӏ
  • маж, бац. мачӏ
  • наж, бац. начӏ

ж, ш

  • дижа, бац. дишан

з, цӏ

  • цӏовза, бац. зуз
  • цӏом, гӏал. зам
  • бӏарз, бац. бӏарцӏон
  • ницкъ, гӏал. нидз

й, в

  • дайдан, бац. давдан

й, г

  • лай, лега
  • тай, тега
  • стигал, стела < стайил < стагил

к, ч

  • чада, кад
  • чô, кô
  • чо, ко
  • коча, итум. как-

кх, к

  • кхайкха, бац. кхекан

къ, ъ

  • даа, бац. дакъан
  • тоа, бац. токъан

кӏ, чӏ

  • чӏода, кӏода
  • чӏега, кӏега

с, ц

  • доца, асар

тӏ, чӏ

  • тӏап, чӏап

хь, къ, ӏ

  • даӏа, бац. дахьан
  • лаӏа, лахьо
  • маӏа, мукъ
  • бӏе, бац. бахь

ш, с

  • даша, бац. асан

Баххийн Кепаш

C1+V1

C1+C2+V1

C1+V1+C2

C1+C2+V1+C3

Цхьа бух вайн маттахь бацахь, берг схьа а эцна лакхара абанаш хийцадаларан кепаш тӏе а товжуш, и баххаш кхолла аьтто бу.

А. д. ГАД бух бац вайн, ткъа лакхахь хьаьжча г-й, къ-й хийцалуш ду. КЪАД бух болуш бу, тӏаккха къ метта г диллина ГАД бух кхолла аьтто бу, цунах тера бохуш кхетам болуш. Вай маттахь иштта хӏара ши хандош кхолла делла: къажа -> гажа, къежа -> гежа. Кхузахь санна аьтто бу иштта кхолла: къада -> гада, къеда -> геда.

Иштта шайолу абанийн камбинацеш чекх а йаьхна, кхидӏа мотт кхио аьтто хир бу.


Дацдарш

  • бац. бацойн
  • гӏал. гӏалгӏойн

Title

My message to you!