Хандош
Ханцӏе I
Хандешан ардам бар. Тӏехьа дешчеккхе «р» тӏетохарца кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «арш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- деша + р = дешар, дешарш
- кхета + р = кхетар, кхетарш
Ала дашна:
алар, агар, ачар, ахьар, ардар, ахар, асар, атар, бахар, дагар, дешар, ларар, эцар, дашар, хьажар, лахар и. дӏ. кх.
Ханцӏе II
Хандешан ардам. Тӏехьа дешчеккхе «м» тӏетохарца кхоллало хӏара цӏердешнаш. Хьалха гайтам болуш дош делахь, «д» дӏа а доккхий, цуьнан метта «б» дуьллу. Дукхаллин дагар «маш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- деша + м = бешам, бешамаш
- кхета + м = кхетам, кхетамаш
Ала дашна:
алам, бахам, бустам, биллам, кхачам, лазам, хадам, хьежам, ларам, хастам, сардам, харжам, сацам и. дӏ. кх.
Ханцӏе III
Хандешан ардам хуьлу меттиг. Карар хенан тӏехьара мукъа йиш дӏа а доккхий, тӏехьа «е» тӏе а тухуш кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «енаш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- доьш
у+ е = доьше, доьшенаш - кхет
а+ е = кхете, кхетенаш
Ала дашна:
боле, буссе, луьйче, вуьже, бузе, доьше, оьце, оле, тоьге и. дӏ. кх.
Ханцӏе IV
Хандешан ардам беш верг. Карара хенан тӏехьара мукъа йиш дӏа а доккхий, тӏехьа «а» тӏе а тухуш кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «арш» йа «аш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- доьш
у+ а = доьша, доьшарш - кхет
а+ а = кхета, кхетарш
Ала дашна:
доьхка, кхоза, доьла, къуьда и. дӏ. кх.
Ханцӏе V
Хандешан ардам беш лело хӏума. Хандашна тӏехьа «рг» тӏе а тухуш кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «ргаш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- деша + рг = дешарг, дешаргаш
- кхета + рг = кхетарг, кхетаргаш
Ала дашна:
тударг, ахкарг и. дӏ. кх.
Ханцӏе VI
Хандешан ардам шена тӏехь хилла стаг йа хӏума. Карара йахана хенаца кхоллало. Дукхаллин дагар тӏехьа «аш» тӏекхетарца кхоллало.
- йаӏа > йаьӏна, йаьӏнаш
Ала дашна:
ткъайоьссина, йаьӏна и. д. кх.
Ханцӏе VII
Хандешан ардам бен меттиг, хан йа аьтто. Карара хенан тӏехьара мукъа йиш дӏа а доккхий, тӏехьа «ийла» тӏе а тухуш кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «ийлаш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- доьш
у+ ийла = доьшийла, доьшийлаш - кхет
а+ ийла = кхетийла, кхетийлаш
Ала дашна:
социйла, олийла, ӏойла, дойла и. дӏ. кх.
Ханцӏе VIII
Хандешан ардам хуьлу меттиг йа хан. Карара ханна тӏехьа «на» тӏе а тухуш кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «наш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- доьшу + на = доьшуна доьшунаш
- кхета + на = кхетана, кхетанаш
Ала дашна:
йочуна, кхоьлуна, йоькхуна, йоьхуна и. дӏ. кх.
Ханцӏе IX
Хандешан ардам хилла меттиг йа хӏума. Тӏехьа дешчеккхе «ум» тӏетохарца кхоллало хӏара цӏердешнаш. Хьалха гайтам болуш дош делахь, «д» дӏа а доккхий, цуьнан метта «б» дуьллу. Йуха «у»-но бухара мукъа йиш балде а дерзадой, ша «а»-не доьрзу. Дукхаллин дагар «умаш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- деша + ум = боьшам, боьшамаш
- кхета + ум = кхоьтам, кхоьтамаш
- дийца + ум = буьйцам, буьйцамаш
- доха + ум = бохам, бохамаш
- туса + ум = тусам, тусамаш
- дуза + ум = бузам, бузамаш
- дижа + ум = буьжам, буьжамаш
- лаза + ум = лозам, лозамаш
- лаца + ум = лоцам, лоцамаш
Ала дашна:
токхам, къоьгам и. дӏ. кх.
Ханцӏе X
Хандешан ардам хуьлу меттиг. Карара ханна тӏехьа «шо» тӏе а тухуш кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «шонаш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- доьшу + шо = доьшушо, доьшушонаш
- кхета + шо = кхеташо, кхеташонаш
Ала дашна:
кхеташо и. дӏ. кх.
Ханцӏе XI
Хандешан ардам беш верг. Тӏехьа «рхо» тӏе а тухуш кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «рхой» тӏе а кхеташ кхоллало.
- деша + рхо = дешархо, дешархой
- кхета + рхо = кхетархо, кхетархой
Ала дашна:
эцархо, хахкархо, ловзархо, латархо и. дӏ. кх.
Ханцӏе XII
Хандешан ардам беш верг. Тӏехьа «рло» тӏе а тухуш кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «рлой» тӏе а кхеташ кхоллало.
- деша + рло = дешарло, дешарлой
- кхета + рло = кхетарло, кхетарлой
Ала дашна:
эцарло, хахкарло, ловзарло, латарло и. дӏ. кх.
Ханцӏе XIII
Хандешан ардам. Тӏехьа дешчеккхе «ралла» тӏетохарца кхоллало хӏара цӏердешнаш. Дукхаллин дагар «раллаш» тӏе а кхеташ кхоллало.
- деша + ралла = дешаралла, дешараллаш
- кхета + ралла = кхетаралла, кхетараллаш
Ала дашна:
кхолларалла и. дӏ. кх.