1. § Каласка тоттуш товш вац нохчо.
2. § Кенгуру тӏоьрмиг лелош товш вац нохчо.
3. § Арахь шен бер мардуллуш, куьг лоцуш йа хьоьстуш товш вац нохчо.
4. § Чохь хӏумма а ца деш вижина ӏуьллуш товш вац нохчо.
5. § Шортик лелош товш вац нохчо.
6. § Шен мотт дӏа а тесна, кхечу нехан мотт буьйцуш товш вац нохчо.
7. § Гай дӏа а дахийтина лелаш товш вац нохчо.
8. § Тӏеман кӏело гуш лелаш товш вац нохчо.
9. § Тӏелетта хӏуманаш йоьхна лелаш товша в/йац нохчо.
10. § Воккхачунна маракхеташ куьга бухахула даккха.
11. § Воккхачун некъ хадабеш товш вац нохчо.
12. § Воккхачуьнга могушалла а, хӏун оьшу а хатта.
13. § Зудачунна бухавижина товш вац нохчо.
14. § Маьттаза луьйш товш вац нохчо.
15. § Шен дош лар ца деш товш вац нохчо.
16. § Зудачуьнга шен чуранах буьйцуш йа буьйцуьйтуш товш вац нохчо.
17. § Узуш, молуш, хьожа йохуш йа маха тухуш товш вац нохчо. Къонахчуьнгахь къаьстина ца догӏуш; и гӏийла а, доьналла доцуш а хилар гайтам бу хӏара.
18. § Нохчо шен чуранах кхаба говзалла йаьккхина хила веза.
19. § Шен накъостан хилла тӏехьийза йоӏана тӏехьийзар эхь ду.
20. § Шен вешин, девешин хилла зудачунна йа тӏехьийза йоӏана тӏехьийзар эхь ду.
21. § Шен шичина, маьхчина, йовхатарна тӏехьийзар эхь ду.
22. § Ша уллера гергарло лелочун хилла зудачунна йа тӏехьийза йоӏана тӏехьийзар эхь ду.
23. § Тӏевеана стаг хьала а гӏаттий тӏелаца бухара куьйгаш ца кхийдош.
24. § Хьаша а, воккханиг а хьала а гӏаттий тӏелаца хьо волуче веача.
25. § Нийсса тӏе а вахана йоьӏан гергарчаьрга ша захало кховдадар эхь ду.
26. § Ша зудайалайечехь хьийзаш товш вац нохчо.
27. § Зуда йалийча шина-къаа дийнахь дена гучу а ца волуш лела веза нохчо.
28. § Арахь зудачуьнца ловзар, куьглаьцна лелар йа безам гайтар эхь ду.
29. § Воккханиг вистхуьлуш цуьнан дош ма хедаде (Пал буьйцуш велахь сацаве!)
30. § Зудачуьнца дагавала везаш волуш товш вац нохчо.
31. § Шен ӏадаташ а, гӏиллакхаш а дӏа а туьйсуш, кхечу нехан ӏадаташ лелош товш вац нохчо. Къаьсстина тахана нохчий хила гӏерташ бу ӏарбой, русой, йевропихой, ... .
32. § Шен де-нене хьажа веза нохчо, ишта шен зуда хьажийта йеза. Да-нана хӏумма а йац бохуш ша луьйчун йа шен зуда лоьйтучун ага аьрна техкийна ду.
33. § Зуда кхечу къомахчуьнга маре йахар шен къомана тешнабехк бар ду.
34. § Бердечехь хьийзаш товш вац нохчо.
35. § Доьналла долуш хила веза нохчо.
36. § Йахь йолуш хила веза нохчо.
37. § Майралла йолуш хила веза нохчо.
38. § Дешна хила веза нохчо.
39. § Латарехь зевелла хила веза нохчо шен чуранах ларбан.