Зеламха
Агӏо кхоьллина 21.05.2026-чу шарахь
Болх арахецна 2007-чу шарахь
Зеламхах лаьцна дийцар.
Зеламха
ХЬАЛХАРА ДАКЪА
Дерриг а доладелира, Харачуьрчу Хушуллин хаза йоӀ Зезаг бахьана долуш. Ткъа бехке йарий техьа Зезаг а, хан кхаьчна самабаьлла къона безам эцна, шен довхачу даго лоьхучунна и тӀейерзарх? Ша йезарг веза цунна лаарх? «ХӀан-хӀа», – бохура Зезага ша, «хӀан-хӀа», – бохура цуьнан къеначу дас Хушуллас а. «Ткъа, хӀунда гlерта техьа и хьаькмаш цу къоначу нехан безамна йукъа?» – бохуш шаьш-шайга хеттарш дора массо а дикачу наха а. Делахь а, майрра и дӀаала ца хӀуттуш, цхьа тамашена кхерабелла, тийна Iapa уьш. Ткъа стенах кхерабеллера уьш? Делах? ХӀан-хӀа. Эхьах? ХӀан-хӀа! Мелхо а, хьаькамех кхерабеллачу цара шайн эхь бехдинера.
Цундела, мел ойла йарх, кхин де а гӀолехь дерг каро меттиг ца битинера Зезагна. «Хьан лааммий, дог-ойлий къайла а йаккхий, кху ширачу лаьмнийн Ӏадаташна кӀел саций латта. Мел гена даьккхина дийцича а, хьо зуда бен йац, къонахчуьнца къовса гӀортар хьуна ца диллина», – бохуш, берахь дуьйна а дас-нанас Ӏамийна Зезаг шена йечу гӀелонна дуьхьал гӀатта ца хlоттара. Делахь а, наггахь: «ХӀаъ аьлла, и сайн лаам а хьаьшна, со харцонна кӀел саца йеза? Хьенан дог хӀоьттина иштта къиза кхел йан?» – хеттарш а хӀуьттура цуьнан даг тӀе. – ХӀан-хӀа, и безам, нагахь сихонна галбаьлла бодахь а, шен лаамна паргӀат хила беза. Цу тӀехь стагана ницкъ бар адамо шел гӀийланиг акхаллица ирча хьашар ду», – бохуш, айделла дог ца соцура. Амма цхьа дисинчу дагна дан орца дацара.
Вуно жима йолуш нана а кхелхина йисина Зезаг дукхайезаш кхиийна денанас.
– Маржа-йаӀ, кестта веана цхьана оьздачу беречо Йадийна дӀайуьгур йу-кх xlapa нанин хаза йоӀ. ТӀаккха нанас хӀун дийр ду техьа? – олура цо, шен цхьаъ бен йоцу кӀентан йоӀ хьостуш.
– Ва нани, цу беречунна муха хуур ду со кхузахь йуйла? Цо стенга йуьгур йу со? – хеттарш дора хӀетахь денанас дуьйцучух ца кхеташ Зезага.
– Карор йу, сан хазаниг, карор йу, стенга йига йеза а цунна шена дика хуур ду, – олура денанас.