lom
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

нохчийн 2575, тӏеэцна 0 дош

лом

lom

[lu̯ɐm] IPA

цӏердош, цхьалха A1

акхаро

Лом иза лаьттан букъа тӏехь гӏарадаьлла, вардика лоруш доккха цициг ду. Церан дахар Априкехь ду. Таханлерчу дийнахь лом дала кхерам бу аьлла мах хадийна бу.

Шолгӏа къаьсстина доккха цициг лоруш ду лом. Цуьнан йахалла хуьлу 160-190 цм., йуха цуьнан йозалла хуьлу 110-250 кг. Лоьмо дийнахь 22 сахьтехь наб йо. Боьрша лоьман йоккха хаза кхес хуьлу. Лехамхоша иза хазаллин дуьхьа йу боху. Йехо а, ӏаьржо а мел йу, стен лоьмашна кхин а хазо хета боху и.

Кхин а майрачу доьналла долчу стагах олу лом.

мехалла

акхаройн эла лору, доккха цициг

дехьадаккхар

германин

Löwe (der)

англин

lion

руссойн

лев

ӏарбойн

ٲسد, ليث

францин

lion

гӏалгӏайн

лом

бацойн

лом

дожарш

гайтам д
дагар цхьаъ
дожар дош IPA
цӏерниг лом [lu̯ɐm]
доланиг лоьман [lyːə̯m]
лург лоьмана [lyːə̯mən]
дийриг лоьмо [lyːə̯muːə̯]
коьчалниг лоьмаца [lyːə̯mt͡s]
хотталург лоьмах [lyːə̯məx]
куьцаниг лоьмаха [lyːə̯məx]
меттигниг лоьме [lyːə̯miːə̯]
доллург лоьмехь [lyːə̯mi̯ɐħ]
долург лоьмера [lyːə̯miːə̯r]
хадорг лоьмехула [lyːə̯miːə̯xul]
агӏонниг лоьмехьа [lyːə̯miːə̯ħaː]
агӏорниг лоьмехьара [lyːə̯miːə̯ħaːr]
агӏохадорг лоьмехьахула [lyːə̯miːə̯ħaːxul]
дозаниг лоьмец [lyːə̯mi̯ɐt͡s]
дустург лоьмал [lyːə̯məl]
саннарг лоьмалла [lyːə̯məlː]
тӏедолург лоьма [lyːə̯m]
тӏехьдерг лоьмахь [lyːə̯mʌħ]
тӏерадуссург лоьмара [lyːə̯mər]
йуккъедолург лоьмала [-]
йуккъехьдерг лоьмалахь [-]
йуккъерниг лоьмалара [-]

Хаттаркеп

ломмий, лоьмий, лоьманий, лоьмой, лоьмаций, лоьмаххий, лоьмахий, лоьмей, лоьмеххьий, лоьмерий, лоьмехулий, лоьмехьай, лоьмехьарий, лоьмехьахулий, лоьмецций, лоьмаллий, лоьмаллий, лоьмий, лоьмаххьий, лоьмарий, лоьмалий, лоьмалаххьий, лоьмаларий

гайтам д
дагар дукха
дожар дош IPA
цӏерниг лоьмаш [lyːə̯mʃ]
доланиг лоьмийн [lyːə̯mĩː]
лург лоьмашна [lyːə̯mʃn]
дийриг лоьмаша [lyːə̯mʃ]
коьчалниг лоьмашца [lyːə̯mʃt͡s]
хотталург лоьмех [lyːə̯mi̯ɐx]
куьцаниг лоьмашха [lyːə̯mʃx]
меттигниг лоьмашка [lyːə̯mʃk]
доллург лоьмашкахь [lyːə̯mʃkʌħ]
долург лоьмашкара [lyːə̯mʃkər]
хадорг лоьмашкахула [lyːə̯mʃkxul]
агӏонниг лоьмашкахьа [lyːə̯mʃkħaː]
агӏорниг лоьмашкахьара [lyːə̯mʃkħaːr]
агӏохадорг лоьмашкахьахула [lyːə̯mʃkħaːxul]
дозаниг лоьмашкац [lyːə̯mʃkət͡s]
дустург лоьмел [lyːə̯mi̯ɐl]
саннарг лоьмелла [lyːə̯mi̯ɐlː]
тӏедолург лоьмаша [lyːə̯mʃ]
тӏехьдерг лоьмашахь [lyːə̯mʃʌħ]
тӏерадуссург лоьмашара [lyːə̯mʃər]
йуккъедолург лоьмийла [lyːə̯miːl]
йуккъехьдерг лоьмийлахь [lyːə̯miːlʌħ]
йуккъерниг лоьмийлара [lyːə̯miːlər]

Хаттаркеп

лоьмашший, лоьмийн, лоьмашний, лоьмаший, лоьмашций, лоьмеххий, лоьмашхий, лоьмашкий, лоьмашкаххьий, лоьмашкарий, лоьмашкахулий, лоьмашкахьай, лоьмашкахьарий, лоьмашкахьахулий, лоьмашкацций, лоьмеллий, лоьмеллий, лоьмаший, лоьмашаххьий, лоьмашарий, лоьмийлий, лоьмийлаххьий, лоьмийларий

схьадалар

"кхунах схьадаьлла дош"

ЛАМ

"кхунах схьадевлла кхин дешнаш"

лам лама ламаро лами лома

"схьадаларнекъ"

C1 + V1|уо + C2

Нохчийн мотт

нохч. луом, гӏал. лом (ломаш, дд), бац. лом (дд), аьккх. луом (лоьмаш, дд), кист. луам (луьймиш, дд), чӏеб. луом (луомеш, дд), итон-кх. луом (луомеш, дд), шар. -, галанчӏ. -

Картвелийн мотт

картв. ломи 'лев'

Дагестанера меттанаш

лезг. лам 'осёл', жек. лем 'осёл', бутад. лем 'осёл', кетш. гьилам 'осёл', уд. аьлаьм 'осёл'

тӏеалар: Кавказера дош ду. Кхаьрца гергарло хила тарло: лом 'лом', лам 'гора', лами 'лестница'. Бух хӏара *ЛАМ 'гора, мощь, сила, разрывать' бу.

Title

My message to you!