Хандош
Нохчийн маттахь хандешан пхи дакъа ду: хан (tense), дагар (aspect), саттам (mood), тоьшалла (evidentiality), цецдалар (mirativity).
Хандеша дагарш хӏорш ду: дукхалла (plurality), дукхазалла (pluractionality). Дукхаллина йукъадогӏу цхьаллин кеп (singular), дукхаллин кеп (plural). Дукхазаллина йукъадогӏу йалаза кеп (imperfective), йаьлла кеп (perfective).
Хандешан саттамаш хӏорш бу:
- хеназниг (infinitive)
- гайтамниг (indicative)
- сатийсарниг (subjunctive)
- сатийсарниг II (subjunctive II)
- лаамниг (optative)
- бехкамниг (conditional)
- бехкамниг II (conditional II)
- бехкамниг III (conditional III)
- бехкамниг IV (conditional IV)
- бехкамниг V (conditional V)
- лаам-бехкамниг (optative-conditional)
- тӏедилларниг (imperative)
- хаттарниг (interrogative)
Хандешан тоьшаллаш хӏорш ду: цагинарг (non-witnessed), лачлер (quotative).
Дагар
Эриг (subject) дукхаллин дагарехь хила дезахь, иштта хандашах дукхаллин кеп олу, а. д. хьовса, совца, довда и. дӏ. кх. И цхьаллин дагарехь хила дезахь, цхьаллин кеп олу, а. д. хьажа, саца, дада и. дӏ. кх.
Хандешан ардамо дукха хан дӏалоцуш йелахь, сихха дан а дина чекхдолуш дацахь, цу хандашах йалаза кеп олу, а. д. леха, сеца, сетта и. дӏ. кх. Ткъа и сихха дан а дина, чекхдолуш делахь, цу хандашах йаьлла кеп олу, а. д. лаха, саца, сатта и. дӏ. кх.
Саттам
Хандешнаш хенашкахь хийцарх ханхийцар (conjugation) олу. Нохчийн маттахь 12 ханхийцар ду:
карара хан (present simple), цхьамма ардам (action) беш хилар гойту хӏокхо. Эцаметтехь дӏахӏоьттина деш воллуш хила везаш вац и хӏара кеп лело, цо цкъацца йа шен рожехь деш хилча а тоьаш ду.
карара йалаза хан (present progressive), цхьамма ардам (action) беш хилар гойту хӏокхо а. Эцаметтехь дӏахӏоьттина деш воллуш хила везаш ву и хӏара кеп лело.
йахна йаьлла хан (present perfect), йахначу хенахь ардам (action) бан а бина чекхбаьлла белахь, лелайо хӏара кеп. Маца бина, муха бина ца гойту хӏокхо.
хӏинцца йахна хан (past recent), дукха хан йоцуш ардам (action) бина хилар гойту хӏокхо.
гуш йахна хан (past simple), йахначу хенахь ардам (action) бан а бина чекхбаьлла белахь а, йуха дуьйцучунна и гина делахь а, лелайо хӏара кеп.
хьалха йахна хан (past perfect), йахначу хенахь ши ардам (action) буьйцуш хенахь, хьалхарниг (цкъа хьалха хилларг) хьахош хӏара кеп лелайо.
ихна хан (past habitual), йахначу хенахь ардам (action) йуха-йуха бина хиллехь, лелайо хӏара кеп.
йахна йалаза хан (past progressive), йахначу хенахь ардам (action) дӏахӏоьттина эцаметтехь беш лаьтташ хиллехь, лелайо хӏара кеп.
йан мега хан (future potential), йогӏучу хенахь ардам (action) хила а, ца хила а мегаш делахь, лелайо хӏара кеп.
йогӏу хан (future simple), йогӏучу хенахь ардам (action) хила безаш белахь, лелайо хӏара кеп.
йогӏу йалаза хан (future progressive), йогӏучу хенахь ардам (action) дӏахӏоьттина эцаметтехь беш лаьтташ хир велахь, лелайо хӏара кеп.
йогӏу йахна хан (future perfect), йогӏучу хенахь ардам (action) бина чекхбаьлла хир белахь, лелайо хӏара кеп.
Хеназниг
Хӏара саттам шена тӏехьа «а» йа «н» тӏекхетарца кхоллало. Хандош цхьана дешдекъах лаьтташ делахь, тӏехьа «н» тӏетоха, дацахь «а» тӏетоха. Кху кепо ца гойту маца хилла ардам, кхо гойту иза беккъа хӏун ардам бу.
| тӏехьа «н» | тӏехьа «а» |
|---|---|
ган |
дийца |
дан |
лаца |
ден |
леха |
лан |
ловза |
тан |
хаза |
тен |
хьажа |
ӏан |
хьакха |
ӏен |
хьалха |
Гайтамниг
Дацаркеп къовларш йуккъахь йалийна.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара хан |
(ца) хьожу, (хьажац) |
карара йалаза хан |
хьожуш ду (дац) |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжна (хьаьжнац) |
хӏинцца йахна хан |
(ца) хьаьжи |
гуш йахна хан |
(ца) хьаьжира |
хьалха йахна хан |
(ца) хьаьжнера |
ихна хан |
(ца) хьожура |
йахна йалаза хан |
хьожуш дара (дацара) |
йан мега хан |
(ца) хьожур |
йогӏу хан |
хьожур ду (дац) |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир ду (дац) |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир ду (дац) |
Сатийсарниг
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара хан |
(ма) хьожийла! |
Сатийсарниг II
| хан | ханхийцар |
|---|---|
йогӏу хан |
хьожур дара (дацара) |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир дара (дацара) |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир дара (дацара) |
Лаамниг
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара йалаза хан |
хьожуш (ма) делара |
йахна йаьлла хан |
хьаьжна (ма) делара |
йогӏу хан |
хьожур (ма) делара |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир (ма) делара |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир (ма) делара |
Бехкамниг
Биллам кхочуш а бина, цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо. Хӏора кепана тӏехьа «а» хӏотторца биллам кхочуш хилча а, ца хилча а бен ца хилар гойту: хьажахь а, ца хьажахь а и. дӏ. кх.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара хан |
(ца) хьажахь |
карара йалаза хан |
хьожуш делахь (дацахь) |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжнехь |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжнелахь |
йогӏу хан |
хьожур делахь (дацахь) |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир делахь (дацахь) |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир делахь (дацахь) |
Бехкамниг II
Ардам биначул тӏаьхьа, цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо. Чеккхенгахь «хь» долуш (хьаьжчахь) кеп ширачу дийцаршкахь бен ца нисло. Кепана тӏехьа «а» хӏотторца, ардам бар йа ца бар бен ца хилар гойту: хьаьжча а.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжча(хь) |
Бехкамниг III
Ардам бина хан тӏера дуьйна, цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжчхьана |
Бехкамниг IV
Ардам бина а болуш, тӏаккха а цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо. Карара йалаза хеначо ардам бича, эцаметтехь хуьлуш хилар а гойту.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара йалаза хан |
хьожжушехь |
карара йалаза хан |
хьожушшехь |
йахна йаьлла хан |
хьаьжжинашехь |
йахна йаьлла хан |
хьаьжнашшехь |
Бехкамниг V
Ардам биначул тӏаьхьа, эцаметтехь цхьа хӏума хилар гойту кху саттамо.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
йахна йаьлла хан |
(хьажа) ма‑хьаьжжина |
йахна йаьлла хан |
(хьажа) ма‑хьаьжжинехь |
Лаам-Бехкамниг
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара хан |
(ца) хьажахьара |
карара йалаза хан |
хьожуш делахьара (дацахьара) |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжнехьара |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжнелахьара |
йогӏу хан |
хьожур делахьара (дацахьара) |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир делахьара (дацахьара) |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир делахьара (дацахьара) |
Тӏедилларниг
| тӏедиллар | цхьанна | дукханна |
|---|---|---|
тӏедожор |
хьажа |
хьовса |
гӏийла тӏедожор |
хьажал |
хьовсал |
лаар |
хьажалахь |
хьовсалаш |
дехар |
хьажахьа |
хьовсийша |
чӏогӏа дехар |
хьажахьара (хьо) |
хьовсахьара (шу) |
| тӏедиллар | цхьанна | дукханна |
|---|---|---|
тӏедожор |
деша |
деша |
гӏийла тӏедожор |
дешал |
дешал |
лаар |
дешалахь |
дешалаш |
дехар |
дешахьа |
дешийша |
чӏогӏа дехар |
дешахьара (ахь) |
дешахьара (аш) |
Хаттарниг
Тӏехьа «й» йа «ий» дилларца йа йиш айъарца до хаттар. Хӏинцца йахна хенахь деккъа йиш айъорца до хаттар.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара хан |
(ца) хьожий |
карара йалаза хан |
хьожуш дуй (даций) |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжний |
хӏинцца йахна хан |
(ца) хьаьжи |
гуш йахна хан |
(ца) хьаьжирий |
хьалха йахна хан |
(ца) хьаьжнерий |
ихна хан |
(ца) хьожурий |
йахна йалаза хан |
хьожуш дарий (дацарий) |
йан мега хан |
(ца) хьожуррий |
йогӏу хан |
хьожур дуй (даций) |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир дуй (даций) |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир дуй (даций) |
Тоьшалла
Дуьйцучунна ша дуьйцург гина йа ца гина хаам беш кепаш йу.
Цагинарг
Иштта олучунна ша дуьйцург гина дац.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара йалаза хан |
хьожуш (ца) хилла |
йахна йаьлла хан |
хьаьжна (ца) хилла |
йан мега хан |
хьожур (ца) хилла |
Лачлер
Кхечамма аьлларг дуьйцуш хӏара кеп лелайо.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара хан |
(ца) хьожу боху |
карара йалаза хан |
хьожуш ду (дац) боху |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжна боху |
хӏинцца йахна хан |
(ца) хьаьжи боху |
гуш йахна хан |
(ца) хьаьжира боху |
хьалха йахна хан |
(ца) хьаьжнера боху |
ихна хан |
(ца) хьожура боху |
йахна йалаза хан |
хьожуш дара (дацара) боху |
йан мега хан |
(ца) хьожур боху |
йогӏу хан |
хьожур ду (дац) боху |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир ду (дац) боху |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир ду (дац) боху |
Цецдалар
Цецволуш йа ца тешаш дуьйцу кепаш йу кхузахь йуьйцурш.
Цецдаларкеп
Ца тешаш дуьйцуш, хӏара кепаш лело йеза.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара хан |
(ца) хьожу боху‑кх |
карара йалаза хан |
хьожуш ду (дац) боху‑кх |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжна боху‑кх |
хӏинцца йахна хан |
(ца) хьаьжи боху‑кх |
гуш йахна хан |
(ца) хьаьжира боху‑кх |
хьалха йахна хан |
(ца) хьаьжнера боху‑кх |
ихна хан |
(ца) хьожура боху‑кх |
йахна йалаза хан |
хьожуш дара (дацара) боху‑кх |
йан мега хан |
(ца) хьожур боху‑кх |
йогӏу хан |
хьожур ду (дац) боху‑кх |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир ду (дац) боху‑кх |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир ду (дац) боху‑кх |
Цецхаттаркеп
Цатешаш хаттарден кепаш хӏорш йу. Хандешан кепа тӏехьа «-кхи» (цецволуш хаттар), «-те»/«-техьа»/«-теша» (ца тешаш алар), «-ца» (ца тешаш хаттар) тӏе а тухуш кхуллу хӏара кепаш.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
карара хан |
(ца) хьожу‑кхи (ца) хьожу‑теша (ца) хьожу‑те (ца) хьожу‑техьа (ца) хьожу‑ца |
карара йалаза хан |
хьожуш ду‑кхи (дац‑кхи) хьожуш ду‑теша (дац‑теша) хьожуш ду‑те (дац‑те) хьожуш ду‑техьа (дац‑техьа) хьожуш ду‑ца (дац‑ца) |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьаьжна‑кхи (ца) хьаьжна‑теша (ца) хьаьжна‑те (ца) хьаьжна‑техьа (ца) хьаьжна‑ца |
хӏинцца йахна хан |
(ца) хьаьжи‑кхи (ца) хьаьжи‑теша (ца) хьаьжи‑те (ца) хьаьжи‑техьа (ца) хьаьжи‑ца |
гуш йахна хан |
(ца) хьаьжира‑кхи (ца) хьаьжира‑теша (ца) хьаьжира‑те (ца) хьаьжира‑техьа (ца) хьаьжира‑ца |
хьалха йахна хан |
(ца) хьаьжнера‑кхи (ца) хьаьжнера‑теша (ца) хьаьжнера‑те (ца) хьаьжнера‑техьа (ца) хьаьжнера‑ца |
ихна хан |
(ца) хьожура‑кхи (ца) хьожура‑теша (ца) хьожура‑те (ца) хьожура‑техьа (ца) хьожура‑ца |
йахна йалаза хан |
хьожуш дара‑кхи (дацара‑кхи) хьожуш дара‑теша (дацара‑теша) хьожуш дара‑те (дацара‑те) хьожуш дара‑техьа (дацара‑техьа) хьожуш дара‑ца (дацара‑ца) |
йан мега хан |
(ца) хьожур‑кхи (ца) хьожур‑теша (ца) хьожур‑те (ца) хьожур‑техьа (ца) хьожур‑ца |
йогӏу хан |
хьожур ду‑кхи (дац‑кхи) хьожур ду‑теша (дац‑теша) хьожур ду‑те (дац‑те) хьожур ду‑техьа (дац‑техьа) хьожур ду‑ца (дац‑ца) |
йогӏу йалаза хан |
хьожуш хир ду‑кхи (дац‑кхи) хьожуш хир ду‑теша (дац‑теша) хьожуш хир ду‑те (дац‑те) хьожуш хир ду‑техьа (дац‑техьа) хьожуш хир ду‑ца (дац‑ца) |
йогӏу йахна хан |
хьаьжна хир ду‑кхи (дац‑кхи) хьаьжна хир ду‑теша (дац‑теша) хьаьжна хир ду‑те (дац‑те) хьаьжна хир ду‑техьа (дац‑техьа) хьаьжна хир ду‑ца (дац‑ца) |
Куцдошший, Латтаммий
Хандашах куцдош (adverb) йа латтам (adverbial) схьабаккхало. Нохчийн маттахь шортта некъаш ду хандашах уьш схьадаха. И шиъ хандашна хьалха хӏуттий, цу хандашо буьйцу ардам муха йа муьлхачу кепахь хуьлуш бу хоуьйту.
Меттигниг Куцдош/Латтам
Хӏокхара схьакъастадо мичахь хуьлуш бу ардам (action). Хӏорш карарчу, йахначу, йогӏучу хенашца кхоллало: хьожучу, хьаьжначу, хьожур долчу, хьожучохь, хьаьжначохь, хьожур долчохь и. дӏ. кх.
| куцдош | мехалла |
|---|---|
хьожучу |
хьожучу меттиге |
хьожучохь |
хьожучу меттигехь |
хьожучуьра |
хьожучу меттигера |
хьожучухьа |
хьожучу меттигехьа |
хьожучухьара |
хьожучу меттигехьара |
хьожучухула |
хьожучу меттигехула |
хьожучухьахула |
хьожучу меттигехьахула |
хьожучоц |
хьожучу меттиге кхаччалц |
Бехкаман-Лааман Латтам
Ардаман (action) биллам йа лаам схьакъасто латтамаш. Хӏара саннарш «хьажжане а ца (хьожу)» кхийолу хенашца а кхоллало: хьажжане а ца хьожу, хьажжане а ца хьаьжна, хьажжане а хьожур дац и. дӏ. кх.
| латтам | мехалла |
|---|---|
хьажарх |
мел чӏогӏа хьажахь а |
хьажжане а ца (хьожу) |
хӏуъа а дича а ца (хьожу) |
хьожийла (лаьа) |
хьажийта (лаьа) |
Хӏундаллин Куцдош
Ардаман (action) хӏундалла схьакъасто латтамаш.
| ханхийцар | мехалла |
|---|---|
хьажархьама |
хьажа лууш |
хьажарна |
хьаьжна дела |
Меллин Куцдош
Ардаман барам (action) схьакъасто куцдешнаш.
| ханхийцар | мехалла |
|---|---|
хьожучул |
хьажа а ца хьожуш |
хьажжал |
хьажарна тӏекхача барамехь |
хьажжалц |
хьажарна тӏекхаьчча чекхдолучу барамехь |
Кепаниг Куцдош/Латтам
Ардаман (action) кеп схьакъасто куцдешнаш/латтамаш.
| куцдош/латтам | мехалла |
|---|---|
(хьажа) ма‑хьажжалу |
хьажа доьналла кхочуш агӏо |
(хьажа) ма‑хьажжара |
хьажарх тера |
(хьажа) ма‑хьожжу |
хьажарх тера |
хьожучха |
хьожу кеп хӏоттош |
хьаьжначха |
хьаьжча санна кеп хӏоттош |
хьажаза |
ца хьаьжна, ца хьожуш |
Хенаниг Куцдош
Ардаман (action) хан схьакъасто куцдешнаш.
| ханхийцар | мехалла |
|---|---|
хьажале |
хьажаран хан хьалха |
хьажжалц |
хьажаран хан тӏекхаьчча, сецаш |
Караберзо кеп
Чолха-алам хӏоттош, цхьамма шолгӏаниг шена караберзо хандешан кепаш. Караберзо кепаш бес-бесара хуьлу.
Биллам
Бехкамниг саттамаш хӏиттош, церан кепаш долаберзонаш санна лелайо.
- Ахь дешахь, хьо хьегалла долуш хир ву.
- Ахь дешахь а, хьо хьегалла долуш хир вац.
- Ахь къахьегнехь, хьуна карор ду.
- Ахь къахьегнехь а, хьуна карор дац.
- Ахь болх бича, хьан бахам хир бу.
- Ахь болх бича а, хьан бахам хир бац.
- Ахь болх бичхьана, хьан бахам хир бу.
- Ахь жайна доьшшушехь, йукъаиккхира иза.
- Ахь доьшшушехь, томахь вац да.
- Ахь деша ма-дешшина, хьо балха гӏур ву.
Сатийсарниг II, Лаам-бехкамниг
- Ахь дешахьара, хьо хьегалла долуш хир вара.
- Ахь дешнехьара, хьуна карор дара.
Меттиг
- Мукъаниг «а» деха хезачохь, тӏоьхула зил хьакха мега.
- Хьо веъначу, ма кхачийталахьа и.
- Хӏара дош схьадолучуьра, вайга кхин а дуккха а дешнаш дахало.
Хан
- Ахь дитт хадош, цкъа хьалха дикка диг ирде!
- Ахь дитт хадочу хенахь, цкъа хьалха дикка диг ирде!
- Хьо цӏавахале, дешна вала веза.
- Хьо дешна валлалц, дикка ӏамаде!
Хӏундалла
- Ахь шорта дийшира, дуккха бахам гулбархьама.
- Со ала а ца олуш дӏавахарна, къинтӏера валалахьа суна!
Мелла
- Хӏара болх бечул, хьайн деша вахар дико ду.
- Хӏара болх баллал, къахьега деза ахь.
- Хӏара болх баллалц, къахьега ахь.
Кеп
- Кӏант йоӏе дӏахьажаза, араваьлла дӏавахара.
- Хьехархочунна хьалха доьшучха, кӏанта хӏуманаш леладора.
- Айх балхахь къа ма-хьеггара, чохь болх бе!
- Айх балхахь къа ма-хьоьггу, чохь болх бе!
- Хьайга болх ма-баллу, чохь къахьега!
Ханхийцаран кепаш
Чеккхенгахь «о» долу хандешнийн ханхийцаршший, тӏедилларшший иштта ду.
| хан | ханхийцар |
|---|---|
хеназниг |
хьасто |
карара хан |
(ца) хьастадо |
карара йалаза хан |
хьастош ду (дац) |
йахна йаьлла хан |
(ца) хьастийна |
хӏинцца йахна хан |
(ца) хьастий |
гуш йахна хан |
(ца) хьастийра |
хьалха йахна хан |
(ца) хьастийнера |
ихна хан |
(ца) хьастадора |
йахна йалаза хан |
хьастош дара (дацара) |
йан мега хан |
(ца) хьастор |
йогӏу хан |
хьастор ду (дац) |
йогӏу йалаза хан |
хьастош хир ду (дац) |
йогӏу йахна хан |
хьастийна хир ду (дац) |
| тӏедиллар | цхьанна | дукханна |
|---|---|---|
тӏедожор |
хьастаде |
хьастаде |
гӏийла тӏедожор |
хьастадел |
хьастадел |
лаар |
хьастаделахь |
хьастаделаш |
дехар |
хьастадехьа |
хьастадейша |
чӏогӏа дехар |
хьастадахьара (ахь) |
хьастадахьара (аш) |
Хандешан дукхаллин кеп йелахь, дукханна тӏедиллар деш дукхаллин кеп лело йеза.
| тӏедиллар | цхьанна | дукханна |
|---|---|---|
тӏедожор |
хьажаде |
хьовсаде |
гӏийла тӏедожор |
хьажадел |
хьовсадел |
лаар |
хьажаделахь |
хьовсаделаш |
дехар |
хьажадехьа |
хьовсадейша |
чӏогӏа ехар |
хьажадахьара (ахь) |
хьовсадахьара (аш) |