Бехазил
—
Бехазил [beːxzil] буьллу меттигаш:
I.
Дийцаршкахь цхьаннан вистхилар керлачу магӏарца долалуш хилахь, хьалха бехазил а буьллуш болабе керла могӏа. Ала дашна,
— Зезаг, — элира цо хӏинца гӏийло, — со хӏунда ца веза хьуна?
— Хаац суна-м.
— Ткъа, хьанна хаа деза и?
Йехха йист ца хуьлуш а лаьттина:
— Цадезарг дагна тӏедожалац, — элира Зезага, чуьра арайала дагахь, бӏарзйелла а хьаьвзаш.
— Харц ма ле суна, боьха зуд! Моьтту хир ду хьуна, Солтамурдах а кхетта хьуо йехар йу. Цул хьалха кошан барз xӏyттyp бу хьуна тӏехь, вир! — аьлла, йуха а схьаэцна и йехк айъира Ӏycпac цунна.
— Йалайехьа хьайга йагӏахь и паччахьан йоӏ а. Со йитахьа.
— Хӏан-хӏа, — элира Ӏycпac, цӏеххьана гӏад а вахана, — цкъа и Солтамурд набахте волла деза сан.
Мохьмад Мамакхера, Зеламха