БЕЗАМАН ХОТИ
«Безаман хоти», — тхан йуьртахь
Иштта цӏе йоккху кху хотин…
Ӏуьйрено, цӏеран куй коьртахь,
Доьллу ков, луьйтанахь гӏоттий.
Ткъа хоти, йекхалой, леста,
Декъалдеш маьрша де, ирсе.
Сийначу маргӏалша хьоьсту.
Олхазарш, акхарой буьрса.
Кху варшахь кхерам дӏаболу:
Йа пхьагал, йа газа аьрзус
Лоцур йац. Хи молуш боллу
Сира сай къахкор бац барзо.
Бакъо йац кхузахь ций ӏано,
Маьрша йу тийналла сийна:
Йоккхур йац шаьлта дог ӏабо,
Чӏир йоькхуш мостагӏ шен вийна…
Лахахь го беркате ардаш,
Басахь — хьун, пен хилла, гӏаьтти.
Дӏо буьххьехь, заманех кхаьрдаш,
Тӏулган бӏов, аййелла, лаьтта.
Цу чуьра схьахезаш хета
Генарчу дайн узам гӏийла.
Аганан мукъамех кхета,
Къастаран шабарш ду шийла…
Схьахеза цхьа ӏеса илли
Лахкарах мостагӏий, йетташ.
Хетало — некъах шен тилла,
Тӏемало хеза мохь бетташ…
Со-м лаьтта, ӏадийча санна,
Ца хӏуттуш хьалха ког баккха,
Кху варшан зевне тийналла
Ца лаьа меттахайаккха.
Шираллин ӏодара баьлла
Пха бирзи ракете хӏинца…
Кхоьру, цхьаъ кхетамах ваьлла,
Дуьне вайн ӏадорна цуьнца.
Дӏадахнарг дицделла ваьшна,
Човхайеш бӏаьсте а сийна,
Кхоьру вай йайъарна, хьаьшна,
Генарчу дайн лараш сийлахь…