ДОГДИКЧУ ЛАЬТТА ТӀЕХЬ
Тийналла тийна дӏа,
Гуш сема гӏан.
Хӏаваъ сов дукъделла,
Хехкало, деш ха.
Комаьрша серса тӏе
Беттан догӏа,
Когбаккхахь —
Ӏиндагӏаш дегадо тешха,
Сийначу дахкарах
Хьаьрчина ӏа.
Сан лаьмнаш,
Бӏаьргаш ца боьллуш,
Сема ду къона гӏаш —
Хезаш ду схьа,
Забарен шабаршца
Шовда шайх делош.
Мел хаза ду-кха хьо,
Догдика ду
Бӏаьстенан аьхналло
Къондина латта!
Хьан довха садеӏар
Дог хьоьстуш ду,
Йозалла йайна дегӏ
Кийча ду гӏатта.
Набкхетта сан эвла
Дӏатийна ӏа,
Сов кӏеда йу цунна
Кху лаьмнийн гӏовла,
Догдика адамаш
Дийшина дӏа,
Дийшина туьйранаш,
Йац берийн гӏовгӏа.
Вогӏу сайн бераллин
Лар хьоьшуш со,
Байбелла когаш сан,
Болар сихделла.
Хьоме лар —
Сайн ирса тӏевуьгу цо,
Сатийсам,
Бераллин неӏ суна йелла!..
Цӏеххьана бодано
Ӏаьвди сан лаг,
Цӏеххьана цхьа ирча
Сурт хӏоьтти хьалха:
Догдикчу кху Лаьттахь
Схьагин цхьа стаг
Воллу кхин стаг хьийзош,
Де эшна, цхьалха.
Цхьанхьа-ма,
Догдикчу кху Лаьтта тӏехь,
Кӏур оьхчу чевнна тӏе
Хиъна ӏа хьаргӏа.
Цхьанхьа-ма,
Догдикчу кху Лаьтта тӏехь,
Эгӏаза бер сеци,
Мацалла хьаьгӏна.
Цхьанхьа-ма,
Догдикчу кху Лаьтта тӏехь,
Инзаре боккха ницкъ
Долахь шен ӏаьӏна,
Къиза стаг,
Тийналлех ца хеташ иэхь,
Керла тӏом кечбеш ӏа,
Карти тӏе таьӏна…
Амма и бодане
Бӏарлагӏаш йайн:
Йуха а беттаса —
Дато нур хьоьрсуш
Маьршачу тийналло
Садоьӏу дайн,
Догдика Латта ӏа,
Гӏенашка хьоьжуш…