ЛАКХЕНАН ГӏИЛЛАКХ
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

ЛАКХЕНАН ГӏИЛЛАКХ

Жайна арахецна 1991-чу шарахь
Шайхи Арснакъера

Арсанекъера Шайхин могӏанаш

ЛАКХЕНАН ГӏИЛЛАКХ

Лаьмнийн а ду гӏиллакх шайн —
Халачу лакхенан гӏиллакх.
Лакхе ахь ца йаккхахь хьайн,
Кху лаьмнийн воӏ хьо ца хилла-кх.

Лаьмнийн а ду гӏиллакх шайн —
Курачу лакхенан гӏиллакх.
Лакхе йу хӏораннан шен
Дош олуш, деш муьлхха гӏуллакх.

Кура ду сан лаьмнийн дог —
Осалла йо кхузахь сийсаз.
Воккхачун пусар вай до,
Кхерчан са — нана йу сийлахь.

Лаьмнийн а ду гӏиллакх шайн —
Цӏеначу лакхенан гӏиллакх.
Лаьмнашкахь цхьа лаьтташ ша
Лекха лам цкъа а ца хилла-кх.

Цӏена ду сан лаьмнийн дог,
Дуккхаъчу къаьмнех бу доьзал,
Уллохь кхин стаг воцу стаг —
Лаьмнашкахь вовр ву-кха доьза.

Лаьмнийн а ду гӏиллакх шайн —
Сийлахьчу лакхенан гӏиллакх
Стаг, нагахь стаг велахь ша,
Байракхах сий айдеш хилда-кх!

Title

My message to you!