ВЕСЕТ
Къоьжачу вайн лаьмнийн
Дог кура баххьаш,
Вайн тогӏеш, шовданаш,
Бӏешерийн хьаннаш —
Дӏаэца тахана
Хьайн дола ахь уьш, —
Дас, весет деш, хьуна
Йитина хазнаш.
Дӏаэца ахь хӏинца
Дайша шайн цӏйица
Заманийн йохаллехь
Лардина латта.
Даймохк хьайн дӏаэца,
Рагӏ хьан йу хӏинца —
Ден весет кхочушдан,
Йукъ йехкий, гӏатта.
Ларбе мохк,
Хазбе и,
Ца йеш мало.
Тӏаккха хьайн весет деш,
Кӏанте дӏало.
Бӏешерийн къийсамехь
Са санна, лардеш,
Таханенга кхачийна
Вайнехан гӏиллакх.
Доттагӏий хилла вай
Вежарех тарбеш,
Орцанна кхайкхаза
Кхочуш вай хилла.
Лаьмнашкахь даиман
Дина сий Ненан,
Воккханиг лийрина
Жимчо, деш гӏуллакх.
Рагӏ хьоьгахь йу тахана,
Вас ца йеш дена,
Дӏаэца цуьнгара
Дайн оьзда гӏиллакх.
Ларде и,
Хазде и,
Ца йеш мало,
Тӏаккха, хьайн весет деш,
Кӏанте дӏало.
Хазнашлахь хазна йу
Ненан мотт къоман.
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, дӏадолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха.
Нохчийн мотт и — халкъан
Синхазнийн хьоста —
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Рагӏ хӏинца хьоьгахь йу,
Дӏаэций, хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.
Ларбе мотт,
Хазбе и,
Ца йеш мало.
Тӏаккха, хьайн весет деш,
Кӏанте дӏало.