Цӏердош
Чеккхе «ъ»
Нохчийн маттахь цхьацца дешнаш ду шайна тӏехьа «ъ» долуш. Иштта дешнаш легош хенахь, «ъ» дӏа а даьккхина, цултӏаьхьа дожаран чеккхе тӏетоха йеза.
| дожар | дош |
|---|---|
цӏераниг |
кхаъ |
доланиг |
кхоан |
лург |
кхоана |
дийриг |
кхоо |
коьчалниг |
кхоаца |
хотталург |
кхоах |
куьцаниг |
кхоаха |
меттигниг |
кхое |
доллург |
кхоехь |
долург |
кхоера |
хадорг |
кхоехула |
агӏонниг |
кхоехьа |
агӏорниг |
кхоехьара |
агӏохадорг |
кхоехьахула |
дозаниг |
кхоец |
дустург |
кхоал |
саннарг |
кхоалла |
тӏедолург |
кхоа |
тӏехьдерг |
кхоахь |
тӏерадуссург |
кхоара |
йуккъедолург |
кхоала |
йуккъехьдерг |
кхоалахь |
йуккъерниг |
кхоалара |
Тӏеалар: Тидаме лаца кхузахь «ъ» дӏадаьккхича чекхдолуш цахилар. Кхин а тӏе бухара мукъа йиш «а» хийца а делла «о»-не дирзина хилар. Массо а дешан иштта хийцадалар дагахь ӏамо деза.