Дагардош
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Дагардош, Декъаран кеп

Арахецна де 01.06.2025
Асланбек Йесера

Декъаран дагардош нийса диллар.

Дагардош

Декъаркеп

I.

Дагардешнийн «цхьаъ», «шиъ», «кхоъ», «пхиъ», «ткъа» декъаран кепийн нийса дахкарш иштта ду:

дагар декъар

1

цхьацца

2

шишша

3

кхоккха

5

пхиппа

20

ткъаттӏа

II.

Дагардешнийн «цома», «диъ», «йалх», «ворхӏ», «бархӏ», «исс», «итт», «бӏе» декъаран кепийн нийса дахкарш иштта ду:

дагар декъар

0

цом-цома

4

диъ-диъ

6

йалх-йалх

7

ворхӏ-ворхӏ

8

бархӏ-бархӏ

9

исс-исс

10

итт-итт

100

бӏе-бӏе

III.

«Цхьайттанна» тӏера «ткъоьсна» тӏекхаччалц долчерий, йуха «ткъанний», «атбахьаний» декъаран кепаш нийса иштта йохку:

дагар декъар

11

цхьайт-цхьайтта

12

шийт-шийтта

13

кхойт-кхойтта

14

дейт-дейтта

15

пхийт-пхийтта

16

йал-йалхитта

17

вуьр-вуьрхӏитта

18

бер-берхӏитта

19

ткъоьс-ткъоьсна

40

шов-шовзткъа

60

кхуз-кхузткъа

80

доьз-доьзтка

1000

ат-атбахь

IV.

Чолха дагардешнийн декъаран кепаш иштта йохку:

дагар декъар

21

ткъе цхьацца

31

ткъе цхьайт-цхьайтта

36

ткъе йал-йалхийтта

39

ткъе ткъоьс-ткъоьсна

41

шовзткъе цхьацца

51

шовзткъе цхьайт-цхьайтта

56

шовзткъе йал-йалхитта

59

шовзткъе ткъоьс-ткъоьсна

61

кхузткъе цхьацца

71

кхузткъе цхьайт-цхьайтта

76

кхузткъе йал-йалхитта

79

кхузткъе ткъоьс-ткъоьсна

81

доьзткъе цхьацца

91

доьзткъе цхьайт-цхьайтта

96

доьзткъе йал-йалхитта

99

доьзткъе ткъоьс-ткъоьсна

200

ши бӏе-бӏе

280

ши бӏе доьз-доьзткъа

Тӏеалар: цома, атбахь ас бацойн гараматтара схьаэцна ду. Бацойн маттахь цом 'ничто' (< цо 'не' + ум), итт бахь 'тисяча' бохург ду.

Title

My message to you!