Дошкхоллар
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Дошкхоллар, Хандешнийн кхолладаларан некъаш

Арахецна де 09.08.2026
Асланбек Йесера

Нохчийн маттахь хандешнаш кхуллу некъаш схьакъасто гӏортар.

Дошкхоллар

Нохчийн маттара хандешнаш кхуллу некъаш дагардина кхузахь.

Некъ 1

Хандашна хьалха дешхьалхе тӏетохарца кхоллало хандош. Нохчийн маттахь коьрта дешхьалхенаш хӏорш йу: ара, дехьа, дӏа, дӏай-схьай, дӏаса, кӏела, охьа, охьа-хьала, сехьа, схьа, схьай-дӏай, тӏаьхьа, тӏе, тӏеттӏа, тӏоьхула, хьала, хьала-охьа, чекх, чу, чучча.

дешхьалхе хандош хандош

дӏа

+ тоха

дӏатоха

тӏе

+ тоха

тӏетоха

дӏа

+ лара

дӏалара

чу

+ лара

чулара

Чолханаш (дӏай-схьай, охьа-хьала, схьай-дӏай, тӏеттӏа, хьала-охьа, чучча) хандашна хьалха хӏиттош цхьаьна ца кхотту дош.

дешхьалхе хандош хандош

дӏай-схьай

+ ида

дӏай-схьай ида

охьа-хьала

+ тоха

охьа-хьала тоха

схьай-дӏай

+ ида

схьай-дӏай ида

тӏеттӏа

+ оза

тӏеттӏа оза

хьала-охьа

+ тоха

хьала‑охьа тоха

чучча

+ тоха

чучча тоха

Некъ 2

Хандашна тӏехьа «о/дан» тӏетохарца кхоллало кхин а хандош.

хандош о/дан хандош

даза

о/дан

дазо/дазадан

къахка

о/дан

къахко/къахкадан

лаза

о/дан

лазо/лазадан

хьажа

о/дан

хьажо/хьажадан

Некъ 3

Хандашна тӏехьа тӏетоьхна «о/дан»-но шена хьалхара мукъачу озана регрессиве ассимилаци а йина, балде а дерзийна, йуха ша охьадужуш кхоллало хандош

хандош ассимилаци охьадожар

дазо

> дозо

> доза

далло

> долло

> долла

дахко

> дохко

> дохка

кхазо

> кхозо

> кхоза (кхозадала)

Некъ 4

Нохчийн хандашна йуккъе дешйукъ «й» хӏоьттича йалаза кеп кхоллало. Иштта: леха < лайха < ла + й + ха < лаха

хандош дешйукъ йалаза кеп

хьажа

хьа + й + жа

хьежа

лаха

ла + й + ха

леха

сарда

са + й + рда

серда

саца

са + й + ца

сеца

Некъ 5

Нохчийн хандашна йуккъе дешйукъ «в» хӏоьттича дукхаллин кеп кхоллало. Иштта: совца < савца < са + в + ца < саца.

хандош дешйукъ дукхаллин кеп

дада

да + в + да

довда

саца

са + в + ца

совца

хьажа

хьа + в + жа

хьовса (ж > с)

хьалха

хьа + в + лха

хьовлха

Некъ 6

Тӏеардамдашна тӏехьа «дан»/«хила» тӏетоьхча кхоллало хандош.

тӏеардамдош дан хандош

кхочуш

дан

кхочушдан

могуш

дан

могушдан

ӏалаш

дан

ӏалашдан

тӏеардамдош дан хандош

кхочуш

хила

кхочушхила

могуш

хила

могушхила

ӏалаш

хила

ӏалашхила

Title

My message to you!