греко-латийнин эшаралла
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Греко-латийнин эшаралла

Арахецна де 19.07.2026

Асланбек Йесера

Нохчийн хаараллин терминологи бараме йалош оьшу латийнин эшараллин хаарш цхьанатоха гӏортар.

Греко-Латийнин Эшаралла

Хаараллин терминологи греко-латийнин дешнаш тӏехь дӏахӏоттийна йу. Латийно дуккха а дешнаш грецин маттара схьаэцна, цундела грецин дош иза латийнехула тӏеоьцуш ду дукха хьолахь. Нохчийн меттан хаараллин терминологи дӏахӏоттош ас хаьржина керла-латийнин эшаралла, къаьсстана германин мотт буьйцу мехкашкахь йаьржинарг. Цунах экклезиасте латийна олу, иза тахана керста наха шайн динан жайнашкахь лелорг бу. Грецин маттара дош нийсса латийна йукъалелаш боцуш схьаоьцуш хилахь, хӏинцалера грецин эшараллинна тӏе а товжуш схьаоьцур ду. Греко-латийнин эшаралла нохчийчуьнца йогӏуш ца хилахь, нохчийчуьнга хьаьжна хийцам бийр болуш бу.

аба IPA тӏеалар

A, a

[ʌ], []

B, b

[b]

C, c

[k], [t͡s]

ae/oe/e/i/y хьалха [t͡s] олу, кхечанхьа [k] олу

D, d

[d]

E, e

[e], []

F, f

[f]

нохчийн маттахь [p] хир ду

G, g

[g]

H, h

[h]

I, i

[i], [], [j]

мукъа а, мукъаза а аз ду хӏара, кхечу мукъачу озана хьалха нислахь мукъаза аз [j] ду

K, k

[k]

L, l

[l]

M, m

[m]

N, n

[n]

O, o

[o], []

P, p

[p]

Q, q

[kw]

q-на тӏехьа гуттар u нисло, и шиъ цхьаьна гуттар [kw] доьшу.

R, r

[r]

S, s

[s]

T, t

[t]

i хьалха [t͡s] олу

U, u

[u], [], [w]

мукъаза аз балдаш горга а деш олу

X, x

[ks]

Y, y

[y], []

Z, z

[z]

аба IPA

AE, ae

[ʌi̯]

AU, au

[ʌu̯]

EI, ei

EU, eu

OE, oe

[oi̯]

UI, ui

  • Пхи мукъа аз ду латийнехь, цхьаъ тӏеэцнарг y
  • Йалх диптонг йу латийнехь
  • Грецин маттара абанаш y, z (грецин дешнаш тӏеоьцуш йукъадеъна)
  • Хӏорш j, v кхано йукъадалийна ду, мукъаза i [j], u [w] схьакъасторхьама: Iesu/Jesu, aue/ave.

Title

My message to you!