грецийн-лацийн эшаралла
Марша вогӏийла, хьаша, чоьхьавала

Грецийн-лацийн эшаралла

Арахецна де 19.07.2026

Асланбек Йесера

Нохчийн хаараллин терминологий бараме йалош оьшу грецийн-лацийн эшараллин хаарш цхьанатоха гӏортар.

Грецийн-Лацийн Эшаралла

Хаараллин терминологи грецийн-лацийн дешнаш тӏехь дӏахӏоттийна йу. Лацийно дуккха а дешнаш грецийн маттара схьаэцна, цундела грецийн дош иза лацийгахула тӏеоьцуш ду дукха хьолахь. Нохчийн меттан хаараллин терминологий дӏахӏоттош ас хаьржина керла-лацийн эшаралла, къаьсстана германийн мотт буьйцу мехкашкахь йаьржинарг. Цунах экклезиасте лацийн олу, иза тахана керста наха шайн динан жайнашкахь лелорг бу. Грецийн маттара дош нийсса лацийниг йукъалелаш а боцуш схьаоьцуш хилахь, хӏинцалера грецийн эшараллина тӏе а товжуш схьаоьцур ду. Грецийн-лацийн эшаралла нохчийчуьнца йогӏуш ца хилахь, нохчийчуьнга хьаьжна хийцам бийр болуш бу.

Лацийн

аба IPA тӏеалар

A, a

ă [ʌ], ā []

деха far; доца trespass

B, b

[b]

кху шинна s, t хьалха [p] доьшу

C, c

[k]

классике латийнехь, Цицеронний, Цезаррий заманехь, гуттар [k] доьшуш хилла.

D, d

[d]

Дешан чеккхенехь [t] олуш хилла, иштта нохчийн маттахь а хир ду.

E, e

ĕ [e], ē []

деха they, грец. η; доца net, грец. ε

F, f

[f]

нохчийн маттахь п [p] хир ду; грец. φ ши аз ду п, цултӏаьхьа хӏ, латийниниг лахара балдий, лакхара цергашший вовшахӏуттуш олуш цхьа аз ду.

G, g

[g]

классике латийнехь гуттар [g] доьшуш хилла, кхузахь санна get; иза s хьалха нисделча x хуьлу: rex < reg + s. Грец. γ

H, h

[h]

грец. rough breathing

I, i

ĭ [i], ī [], i [j]

мукъачу озана хьалха нислахь а, йуха хьалха тохар долуш дешдакъа а дацахь, мукъаза аз [j] ду, грец. ι (Iulius = Ιούλιος); мукъа аз деха machine, доца din, грец. ι

K, k

[k]

L, l

[l]

грец. λ

M, m

[m]

чеккхенгахь гӏийла олу йа деша а ца доьшу, Квинтилиан "sound something like the lowing of an ox"

N, n

[n]

хӏокхарна c, q, g, йа x хьалха нисделча, [ŋ] доьшу (guttural nasal; n adulterinum)

O, o

ŏ [o], ō []

деха note, грец. ω; доца not, грец. ο

P, p

[p]

грец. π

Q, q

[kw]

q-на тӏехьа гуттар u нисло, и шиъ цхьаьна гуттар [kw] доьшу, кхузахь санна queen; грец. κου, κυ, йа κο

R, r

[r]

жимма мотт тоха а болуьйтуш [r]

S, s

[s]

кхузахь санна sip; чеккхенгахь халла бен ца хезара

T, t

[t]

классике латийнехь гуттар [t] доьшу; чеккхенгахь дика ца хеза, цкъацца охьа а дужу.

U, u

ŭ [u], ū [], [w]

деха fool, грец. ου; доца full, грец. ου;

мукъаза аз балдаш горга а деш олу

X, x

[ks]

Y, y

[y], []

германин ü

Z, z

[z]

грецин дешнаш дохкуш лелийна ду; хӏинцалера грец. ζ

аба IPA тӏеалар

BS, bs

[ps]

нохчийн маттахь бс

BT, bt

[pt]

нохчийн маттахь бт

CH, ch

[k]

кхузахь санна blockhead; грец. χ

Ds, ds

[ts]

нохчийн маттахь тс

GU, gu

[gw]

нохчийн маттахь гв

NC, nc

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

NG, ng

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

NK, nk

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

NQ, nq

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

NV, nv

[nw]

нохчийн маттахь нв

NX, nx

[ŋ]

нохчийн маттахь нг

PH, ph

[p]

кхузахь санна uphill; грец. φ

PV, pv

[pw]

нохчийн маттахь пв

RV, rv

[rw]

нохчийн маттахь рв

SV, sv

[sw]

нохчийн маттахь св

TH, th

[t]

кхузахь санна hothouse; грец. θ

аба IPA тӏеалар

AE, ae

[ʌi̯], [e], []

[ʌe̯] > [e] > []

AU, au

[ʌu̯]

кхузахь санна now; грец. αυ;

EI, ei

[ei̯]

EU, eu

[eu̯]

OE, oe

[oi̯]

UI, ui

[ui̯]

аба IPA тӏеалар

C, c

[k], [t͡s]

Германин керла-латийнин аларца ae/oe/e/i/y хьалха [t͡s] олу, кхечанхьа [k] олу;

S, s

[s], [z]

мукъачу озана хьалха нислахь, [z] доьшу

Ti, ti

[ti], [t͡si]

германин керла-латийна аларехь ti тӏехьа мукъа аз нислахь (tia, tio), [t͡s] олу, кхечанхьа [t] доьшу

  • Дуьхьарлера лацийн абалле 21 аба хилла (A, B, C, D, E, F, Z, H, I, K, L, M, N, O, P, Q, R, S, T, V, X)
  • Абалла олуш, иштта аьр йара: ah, bé, ké, dé, ê, ef, ghé, ha, î (ee), ka, el, em, en, ô, pé, qu (coo), er, es, té, oo, ix, (ü, zeta).
  • Пхи мукъа аз ду латийнехь, цхьаъ тӏеэцнарг грец. y
  • Йалх диптонг йу латийнехь
  • Грецин маттара абанаш y, z (грецин дешнаш тӏеоьцуш йукъадеъна)
  • Хӏорш j [j], u [u] кхано йукъадалийна ду, мукъаза i [j], v [w] схьакъасторхьама: Iesu/Jesu, aue/ave.
  • ch, ph, th грецин маттара аьзнаш ду, цкъа хьалха латийнехь c, p, t доьшур, тӏаккха грецихоша санна ала гӏиртира.
  • K пӏелгаш тӏехь дагардалла дешнаш йуккъахь бен дац (Kalendae, ...)

Грецийн

Грецин меттан аларан хаарш кху жайнара схьаэцна "Liscovius, Karl Friedrich Salomon: Über die Aussprache des Griechischen und über die Bedeutung der griechischen Accente", хӏоттийнарг Liscovius, Karl Friedrich Salomon. Йуха хӏара а "Greek primer, colloquial and constructive", хӏоттийнарг John Stuart Blackie.

Кхузахь суна схьакъасто луург хӏелленисте койна муьрера грецийн аларан кеп йу. Иза ~323 Ӏ. ХЬ. (Ӏийсал хьалха) - 31 Ӏ. ТӀ (Ӏийсал тӏаьхьа) мур бу.

аба цӏе IPA

A, α

ἄλφα alpha

[a], []

Β, β/ϐ

βῆτα bêta

[b], [v]

Γ, γ/

γάμμα gamma

[g], [ɣ], [j]

Δ, δ

δέλτα delta

[d], [ð]

Ε, ε

ψῑλόν epsilon

[e]

Ζ, ζ

ζῆτα zêta

[zd], [z]

Η, η

ἦτα êta

[], [i]

Θ, ϑ/θ

θῆτα thêta

[], [θ]

Ι, ι

ἰῶτα iôta

[i]

Κ, κ/ϗ

κάππα kappa

[k]

Λ, λ

λάμβδα lambda

[l]

Μ, μ

μῦ mu

[m]

Ν, ν

νῦ nu

[n]

Ξ, ξ

ξῖ xi

[ks]

Ο, ο

μῑκρόν omikron

[o]

Π, π

πῖ pi

[p]

Ρ, ρ

ῥῶ rho

[r]

Σ, σ/-ς

σῖγμα sigma

[s]

Τ, τ/ך

ταῦ tau

[t]

Υ, υ

υῑλόν ’upsilon

[u],[y],[i]

Φ, φ

φῖ phi

[], [f]

χ, χ

χῖ chi

[], [ç]

ψ, ψ

ψῖ psi

[ps]

Ω, ω

ὦμέγα omega

[]

  • β англин v санна
  • γ тӏехьа a йа o нислахь [ɣ], кӏеда мукъа аз нислахь [j]
  • δ кхузахь санна mother
  • ε кхузахь санна get
  • η ширачу заманахь деха [], тахана кхузахь санна seem/theme
  • θ кхузахь санна mouth/south
  • ξ тӏеттӏа оьзна ks, gs
  • υ ширачу заманахь ü [y]
  • χ кхузахь санна герм. Milch
  • ω деха [oː]
  • [h] гойтуш мукъачу озана тӏе spiritus lenis йуьллуш хилла ἱε [he], [e]
аба шира йуккъ. хӏинц.

αι

[ʌi̯]

[e]

ä

ει

[ei̯]

[i]/[ei̯]

[i]

οι

[oi̯]

[y]/[i]

[i]

υι

υ

υ

αυ

[ʌy̯]

[ʌv]

[ʌf]

ευ

[ey̯]

[ev]

[ef]

ου

[oy̯]/[u]

[u]/[y]

[u]

α

α

α

η

[]

[i]/[e]

[i]

η

η

η

ω

ω

ω

ηυ

η-й, υ

ωυ

ω-й, υ

ш = шира, й = йуккъера, хӏ = хӏинцалера

Моноптонгашший, Диптонгашший сеццана хьалха муха олуш хилла хууш дац. Дешначара шайн хетачу агӏора схьадосту церан аларш.

аба IPA тӏеалар

γγ

[ŋ]

хӏокхунна γ хьалха нислахь, [ŋ] доьшу

γκ

[ŋ]

хӏокхунна κ хьалха нислахь, [ŋ] доьшу

γξ

[ŋ]

хӏокхунна ξ хьалха нислахь, [ŋ] доьшу

γχ

[ŋ]

хӏокхунна χ хьалха нислахь, [ŋ] доьшу

Нохчийн Мотт

Грецийн-Лацийн маттара дош тӏеоьцуш лахара богӏаме хьаьжна сехьадоккхур ду. Германийн Керла-Лацийн матте хьаьжна c, s, ti олуш шенкепарло йу. Йуха оьрсаша h метта г дуьллучохь, нохчаша хӏ дуьллур ду. Нохчийн маттахь f дац, цундела цуьнан метта нохчаша п дуьллур ду.

Лацийн абанаш хийцар

аба IPA нохчийн

A, a

[ʌ], []

нохч. маттахь а

B, b

[b]

нохч. маттахь б

C, c

[k]

нохч. маттахь к, ц

D, d

[d]

нохч. маттахь д

E, e

[e], []

нохч. маттахь е

F, f

[f]

нохч. маттахь п

G, g

[g]

нохч. маттахь г

H, h

[h]

нохч. маттахь хӏ

I, i

[i], [], [j]

нохч. маттахь и, ий

K, k

[k]

нохч. маттахь к

L, l

[l]

нохч. маттахь л

M, m

[m]

нохч. маттахь м

N, n

[n]

нохч. маттахь н

O, o

[o], []

нохч. маттахь о

P, p

[p]

нохч. маттахь п

Q, q

[kw]

нохч. маттахь кв

R, r

[r]

нохч. маттахь р

S, s

[s]

нохч. маттахь с, з

T, t

[t]

нохч. маттахь т, ц

U, u

[u], [], [w]

нохч. маттахь у

X, x

[ks]

нохч. маттахь кс

Y, y

[y], []

нохч. маттахь и, ий

Z, z

[z]

нохч. маттахь з

аба IPA тӏеалар

AE, ae

[ʌi̯], [e], []

нохч. маттахь е

AU, au

[ʌu̯]

нохч. маттахь ав

EI, ei

[ei̯]

нохч. маттахь ей

EU, eu

[eu̯]

нохч. маттахь ев

OE, oe

[oi̯]

нохч. маттахь ой

UI, ui

[ui̯]

нохч. маттахь уй

Дахалла

Мукъа аьзнийн дахалла, доцалла а экклезиасте лацийга хьаьжна хир ду, ткъа нохчийн маттахь атта долчу агӏора нисдан дезачохь, нис а дийр ду.

Тохар

Нохчийн маттахь тохар (accent) гуттар хьалхарчу дешдекъана тӏехь хуьлу. Иштта хир ду тӏеэцна дош олуш а. Тӏеэцна дош шина декъах лаьтташ делахь, ши тохар хир ду, цьаъ хьалхара декъа тӏехь, шолгӏаниг шолгӏачун декъа тӏехь: 'пило'сопий < 'пило + 'сопий. Халхара декъачун пи, шолгӏачун со тӏехь тохар (accent) хир ду.

Грецийн абанаш хийцар

аба IPA нохчийн

A, α

[a], []

нохч. маттахь а

Β, β/ϐ

[b], [v]

нохч. маттахь б, в

Γ, γ/

[g], [ɣ], [j]

нохч. маттахь г, гӏ, й

Δ, δ

[d], [ð]

нохч. маттахь д

Ε, ε

[e]

нохч. маттахь е

Ζ, ζ

[zd], [z]

нохч. маттахь з

Η, η

[], [i]

нохч. маттахь е, и

Θ, ϑ/θ

[], [θ]

нохч. маттахь т

Ι, ι

[i]

нохч. маттахь и

Κ, κ/ϗ

[k]

нохч. маттахь к

Λ, λ

[l]

нохч. маттахь л

Μ, μ

[m]

нохч. маттахь м

Ν, ν

[n]

нохч. маттахь н

Ξ, ξ

[ks]

нохч. маттахь кс

Ο, ο

[o]

нохч. маттахь о

Π, π

[p]

нохч. маттахь п

Ρ, ρ

[r]

нохч. маттахь р

Σ, σ/-ς

[s]

нохч. маттахь с

Τ, τ/ך

[t]

нохч. маттахь т

Υ, υ

[u],[y],[i]

нохч. маттахь и

Φ, φ

[], [f]

нохч. маттахь п

χ, χ

[], [ç]

нохч. маттахь к

ψ, ψ

[ps]

нохч. маттахь пс

Ω, ω

[]

нохч. маттахь о

Spiritus Lenis

[h]

нохч. маттахь хӏ

Title

My message to you!