Нийсайаздар
1. Абанаш: «й» диллар
27.01.2025,
«я», «яь», «е», «ё», «ю», «юь» метта «йа», «йаь», «йе», «йо», «йу», «йуь» дахка.
2. Абанаш: «иэ», «ие», «уо» диллар
16.02.2025,
Хьайна лаахь «иэ», «ие», «уо» дилла, ца лаахь ма дилла.
3. Абанаш: дахдар
17.02.2025,
Ши мукъа йиш ду, шайна тӏехьа «й» хӏоттарца дахлуш. И шиъ «и», «уь» ду. Кхинаш деха хилар гайта лаахь, тӏоьхула зил хьакха; ца лаахь, ма хьахьа.
4. Абанаш: «ь», «ъ» диллар
23.02.2025,
Мукъазий, мукъий аба къасто лаахь, цу шин йуккъа «ъ» дилла.
5. Абанаш: «э» йа «е» диллар
23.02.2025,
Дешдекъа хьалха «э» дилла, цунна йуккъахь йа тӏехьа «е» дилла.
6. Абанаш: «эв», «ев» йа «аьв» диллар
25.02.2025,
Хӏорш [eu̯], [oi̯], [ø̯ɐu̯] хезачохь ӏ-ний, хь-ний тӏехьа «аьв» дилла, кхечанхьа дешдакъа долалучохь «эв», цунна йуккъахь йа тӏехьа «ев» дилла.
8. Абанаш: «сс», «тт», «лл» чеккхенгахь диллар
25.02.2025,
Лач дожаршкахь шала хезаш делахь, цӏераниг дожарехь шалха дилла «сс», «тт», «лл»; дацахь цхьалха дилла «с», «т», «л».
9. Абанаш: шалха абанаш дахкар
25.02.2025,
Шалха абанаш ул-уллехь нислахь, хьалхарчун шолха аба ма дилла. Цхьатера шин йуккъахь зил белахь йа цхьатера дацахь, ший а дуьззина дилла. Логаниг кхоъ ул-уллехь нислахь, тӏехьа цхьа «ӏ» йа «ъ» дилла.
10. Абанаш: мера «н» диллар
25.02.2025,
Хандешан, мухалдешан, ардамдешан цхьа дешдакъа бен дацахь, тӏехьа «н» дилла. Йуха доланиг дожаран чеккхенашкахь дилла.
11. Цӏердош: жимдийриган чеккхенаш
01.03.2025,
Тӏаьххьарчул хьалхарчу дешдекъехь дерг «о» делахь йа хезаш дерг [i̯ɐ] йа [iːə̯] долуш «е» делахь, «аг» дилла. Кхечанхьа «иг» дилла.
12. Цӏердош: дукхаллин дагаран чеккхенаш
01.03.2025,
Дукхаллин дагар кхуллуш «ш», «аш» йа «еш» дуьллу.
13. Цӏердош: чеккхенгахь «ъ» дерш легор
30.03.2025,
Чеккхенгахь «ъ» делахь, и охьа а дожадей, хьайна йеза дожаран чеккхе тӏетоха.
14. Цӏердош: чеккхенгахь «и» йа «у» дерш легор
30.03.2025,
Чеккхенгахь «и» йа «у» делахь, дожаран чеккхе йеккъа тӏетоха.
15. Цӏердош: чеккхенгахь мукъаза йиш дерш легор
30.03.2025,
Чеккхенгахь мукъаза эшар долу дешнашний, дожаран чеккхенний йукъа «а» дилла.
16. Цӏердош: чеккхенгахь «ие» йа «уо» дерш легор
31.03.2025,
Чеккхенгахь «ие» йа «уо» делахь, йуккъе «н» дуьллуш тӏетоха дожаран чеккхе.
17. Цӏердош: дагарден «й», «ий» диллар
02.04.2025,
Дагардеш тӏехьа дуьллу «ий», «й» нийса диллар.
20. Мухалдош: цалегарш
21.05.2025,
Хӏара дешнаш дожаршкахь ца хуьйцу: раз, пурх, лач, перс, деакӏов, харц, сов.
22. Мухалдош: лааме кепаш
24.05.2025,
Мухалдешнех лааме кепаш «иг», «ниг», «аш», «наш» тӏе а тухуш кхуллу.
30. Цӏерметдош: кхин а легарш
02.09.2025,
«И»/«иза», «а»/«аза», «хӏара», «ишттаниг», «муханиг», «муьлханиг», «оццулниг», «кхулниг», «хӏоккхулниг» нийса легор.
31. Цӏерметдош: лаамечу доладерзорчеран легарш
27.09.2025,
Нийса лааме доладерзоран цӏерметдешнаш легор.
32. Цӏерметдош: кхидолчеран легарш
29.09.2025,
Хӏара цӏерметдешнаш «вовшийн», «массо а», «дерриге а», «вайша»/«вайшиъ», «маса» нийса легор
33. Хандош: дешнаш схьадохуш кеп ларйар.
29.09.2025,
Кеп ларйан йеза хандешан кепех дешнаш схьадохуш.
34. Хандош: карарчу хенан чеккхенаш
20.10.2025,
Карарчу хенахь чеккхенгахь «а», «у», «о», «ов», «оь» йа «уьй» маца дуьллу.
48. Ардамдош: «ду» нийса диллар
05.11.2025,
«Ду»-й, цунах схьадевлла ардамдешнашший нийса дахкар.